10 ТӀаккха дуьнен чуьра дерриг а халкъаш шух кхоьрур ду, Везачу Элан цӀе шуна тӀехь хилар а гина.
Иштта, массо а мехкашкахула цӀе яхара Даудан. Массо а халкъаш цунах кхоьруш дӀахӀиттийна хилла Везачу Эло.
Сан долахь долу халкъ Суна муьтӀахь хилла, доӀанаш деш, Соьгахьа дерзахь, шайн харц некъаш тӀера дӀа а далахь, тӀаккха стигалахь хезар ду Суна Сайн халкъан аз, цуьнан къиношна геч а дийр ду Ас, цуьнан латта а тодийр ду Ас.
Берриг а мисархоша доьхура цаьрга, сихонца дӀагӀахьара шу бохуш. «Шу дӀа ца гӀахь, тхо массо а хӀаллакьхир ду!» – бохура цара.
Цо тӀера чкъургаш дӀайовлийтина дела, мисархойн гӀудалкхаш чохьйиснера, уьш хала текхайора цара. «Исраилхой болчуьра довда деза! – бохуш, маьхьарий хьоькхура цара. – Цаьргахьа волу Веза Эла вайна дуьхьал леташ ву!»
Ахь тхан дола цкъа а ца дича санна, Хьан цӀе тхоьца ца йоьзча санна хилла дӀахӀиттира тхо.
ХӀунда ву Хьо цецваьлла волу стаг санна? Хьо цхьа а кӀелхьарваккха ницкъ боцучу тӀемалочух тера ву. Амма Хьо, Веза Эла, тхуна юкъахь ву, Хьан цӀе тхуна тӀехь лаьтташ ю. Ма дитахьа тхо Хьайгара гӀо доцуш!
Ярушалайм-гӀалано дуьненан массо а къаьмнашна хьалха Суна гӀарадаккхар а, хазахетар а, хастам а, сий а доккхур ду, Айса цунна мел дина дика царна хезча. Ларамах а буьзна, уьш бегош хир бу, Аса цунна ден долу дика а, аьтто а шайна дӀагича“».
Шух массо халкъаша декъалдинарш эр ду, хӀунда аьлча шун мохк безаме мохк хир бу», – боху массо а ницкъийн Везачу Эло.
Везачу Эло кхин а элира: «Нагахь санна динан дайша, Сан цӀе а йоккхуш, исраилхошна тӀехь декъалбаран дешнаш алахь, Аса декъалбийр бу исраилхой».
кхечу нахе Веза Эла каравайтархьама а, Сан дола даьллачу халкъашка Иза лахийтархьама а. Иштта боху и дерриге а хӀуманаш абадехь дуьйна дӀахоуьйтуш волчу Везачу Эло“.
Цхьа а латталур вац шуна дуьхьал: шун Везачу Дала, Ша чӀагӀо ма-ярра, аша ког мел баьккхина долчу муьлххачу а лаьттана кхерам тосур бу, уьш, кхоьруш, бегор бу.
Аса тахана дуьйна шух болу кхерам а, къемат а дӀасадаржор ду стигална кӀел мел долчу халкъашна. Шух лаьцна дӀахезнарш кхералур а бу, Ӏадор а бу“».
Йорданал дехьа, малхбузехьа, хӀорд болчу агӀор Ӏачу эмархойн паччахьашна а, хӀордана уллохь Ӏачу канаӀанхойн паччахьашна а хезира, исраилхой дехьабовлучу хенахь Везачу Эло Йордан-хи лакъийна аьлла. Паччахьаш чӀогӀа кхерабелира, исраилхошна дуьхьалбовла доьналла дацара церан.
Гой шуна! Аьшпаш а буттуш, шаьш боццушехь, жуьгти ду бохуш болу иблисан гуламах берш Ас шуна хьалха дӀахӀиттор бу, шун когашка уьш охьа а тоӀуьйтуш. Хуур ду царна, Суна шу дезийла.