Biblia Todo Logo
La Biblia Online

- Anuncios -




Карлабаьккхинарг 28:1 - Делан Йозанаш

1 «Шу шайн Везачу Деле ладугӀуш а хилахь, ас шуна тахана дуьйцуш долу, Цо тӀедиллинарг дерриг а кхочушдеш а хилахь, шун Везачу Дала дуьнен чуьра массо а халкъал лакха ойур ду шун халкъ.

Ver Capítulo Copiar




Карлабаьккхинарг 28:1
31 Referencias Cruzadas  

ТӀаккха кхийтира Дауд, Везачу Эло ша исраилхойн паччахьан даржехь чӀагӀвинийла а, Цо хаьржина долчу Исраилан халкъан дуьхьа шен паччахьалла чӀогӀа айинийла а.


хийрачу мехкашкара Цо схьагулбиначара – малхбалехьара а, малхбузехьара а, къилбаседехьара а, къилбехьара а.


Ц у суьрте хьоьжуш волу Ӏесаниг оьгӀазгӀур ву, шен цергаш а хьекхош, иза къайлавер ма ву. Ӏесачеран лаамаш хӀаллакьхир бу.


ТӀехдукха ваьхна со машар ца безачарна юкъахь.


Цо Шен халкъ, маӀа санна, нуьцкъала хилийтира, хастамаш бан бахьана хӀоттийра Шена тешаме мел болчарна – Шена уллора халкъ долчу исраилхошна. Хастам бу Везачу Элана!


Везачу Элан цӀенна уллохь доьгӀна дитт санна, вайн Делан керташкахь заза доккху цара.


Везачу Эло элира: «Нагахь аша Везачу Эле, шайн Деле, ладогӀахь, Цуьнан лаам аша кхочушбахь, Цо тӀедехкина парзаш аш кхочушдахь, Мисар-махкана тӀе яхкийтинчу цамгарех шуна тӀе цхьа а йоуьйтур яц Ас, хӀунда аьлча Со Веза Эла ву шун дарбанча».


Цуьнга ла а дугӀуш, Ас мел бохург ахь кхочушдахь, хьан мостагӀийн мостагӀа хир ву Со, хьуна дуьхьал волчунна дуьхьал а хир ву.


Суна, шайн Везачу Далла, Ӏамал е. Шу иштта лелахь, Ас декъалдийр ду шун бепиг а, хи а, шуна тӀера цамгарш дӀа а йохур ю.


Нагахь, Соьга ла а доьгӀна, Ас бохург аша тӀеэцахь, лаьтто кхиийна уггар диканиг дуур ду аша.


Делан лаамехь волчуьнга цуьнца дика хир ву ала, хӀунда аьлча ша динчу дикачу гӀуллакхех пайда оьцур бу цо.


Оцу бертан тӀедожорш Аса шун дайшна тӀедехкина, Аса уьш эчиг лалош йолу пеш санна хиллачу Мисар-махкара арабохучу хенахь. Аса цаьрга аьллера: ‘Соьга ла а догӀий, Аса шуьца бинчу бертан тӀедожорш кхочуш а де, Аса шуна тӀедехкинчуьнга хьаьжжина. ТӀаккха шу Сан къам хир ду, Со шун Дела а хир ву.


Сан къоман некъаш цара баккъалла а Ӏамош делахь, дийна волчу Везачу Элах цара дуй бууш хилахь (дӀаяханчу заманахь цара Сан халкъ БаӀалах дуй баа Ӏаморе терра), тӀаккха церан, Сан къомана юкъахь а Ӏаш, аьтто хир бу.


Нагахь санна аша Аса хӀинца бохучуьнга ла ца догӀахь, – боху Везачу Эло, – хӀокху гӀалин кевнашкахула шоьтан дийнахь мохь чу ца кхоьхьуш шу сацахь, и де аша цхьа а тайпана болх ца беш Суна лерина ца хилийтахь,


И шиъ Везачу Эло тӀедиллина гӀуллакх леррина кхочушдеш а, Далла хьалха цӀена а дара.


Амма Ӏийсас элира: «Кхин а декъала бу, Делан даше ла а дугӀуш, иза кхочушдеш берш».


элира: «Сан дуьхьа хӀара бер тӀеэцначо Со а тӀеоьцу. Ткъа Со тӀеоьцучо Со Ваийтинарг а тӀеоьцу. Цундела шуна юкъахь уггар кӀезиг верг а уггар лакхарниг ву».


Шу Сан доттагӀий ду, нагахь аша Ас тӀедиллина гӀуллакх кхочушдахь.


Дика гӀуллакхаш а деш, сийлалла а, ларам а, хедар доцу дахар а лоьхучарна Ша волчохь долу хедар доцу дахар лур ду Цо.


Ткъа товрат-хьехамашна тӀера бакъахьара гӀуллакхаш кхочушдарца шаьш Далла хьалха бакъхила луурш неӀалтана кӀел бу. ХӀунда аьлча яздина ду: «Товрат-хьехамашна тӀехь яздина долу дерриге а даим а кхочушдеш воцучу хӀоранна а тӀехь неӀалт ду», – аьлла.


Тахана шайга деш долчу Сан весеташка аша леррина ладогӀахь, – шайн Веза Дела шуна везахь, Цунна даггара а, мел долчу синца а аша гӀуллакх дахь, –


Нагахь санна тахана ас деш долчу шун Везачу Делан весеташка аша ладогӀахь, шу декъалдина хир ду.


Иза иштта хир ду, нагахь санна шайн Везачу Деле бен аша ладугӀур дацахь а, тахана ас шайна тӀедохкуш долу весеташ аша леррина кхочушдахь а.


Везачу Эло тахана чӀагӀо йина, шу Цуьнан долахь долу жовхӀар ду аьлла, Цо ма-аллара, Цуьнан дерриш весеташ аша лардан деза.


Цо чӀагӀо йина, Ша мел кхоьллинчу халкъел шу лакхара а дина, сий а, сийлалла а, исбаьхьалла а долуш дӀахӀиттор ду аьлла. Хьан Везачу Далла хьалха, Цо ма-аллара, деза халкъ хир ду хьо».


Нагахь шун Везачу Дала тӀедиллинарг, тахана ас шуьга Ӏалашде а, кхочушде а бохург, аш кхочушдахь, Везачу Эло шу коьртехь хуьлуьйтур ду, цӀоганехь ца хуьлуьйтуш, шу лакхахь хир ду, лахахь доцуш.


Síguenos en:

Anuncios


Anuncios