8 ХӀокху товрат-хьехаман дерриге а дешнаш оцу тӀулгаш тӀехь дӀаязде. Ткъа яздинарг дика дешалуш хилийта хьажа».
Аьчка къоламца дошана тӀехула я массо а ханна тӀулга тӀехь уьш хьаькхна делахьара!
Везачу Эло, жоп а луш, соьга иштта элира: «ДӀаязде Ас хьайна дӀахоуьйтун дерг, дикка къаьсташ дӀаязде экъанаш тӀе, йоьшучунна атта хилийтархьама.
«ХӀара кицанашца элира Ас шуьга. Амма тӀейогӀуш ю и зама, Ас шуьга кхин кицанашца а ца дуьйцуш, ма-дарра Сайн Дех лаьцна шуна дӀакхайкхош.
Тхайн иштта сатийсар долу дела, майрра къамел дан йиш ю тхан.
Цигахь шайн Везачу Далла хьалха бертан сагӀанаш а дахий, уьш дууш, даккхийдеш лела.
Мусас а, левихой болчу динан дайша а Исраилан дерриге а халкъе иштта элира: «Исраилан халкъ, дист а ца хуьлуш, ладогӀа соьга! ХӀокху дийнахь хьох хьан Везачу Делан халкъ хилла.
Везачу Элан ялхочо Мусас исраилхошна тӀе-ма-диллара, товрат-хьехам тӀехь болчу шен тептар тӀехь цо яздина ма-хиллара, кечйинера и меттиг, аьчка гӀирсаца кегдазчу тӀулгех йина а йолуш. Цу тӀехь Везачу Элана лерина дийнаташ дагоран а, бертан а сагӀанаш дехира.