Biblia Todo Logo
La Biblia Online

- Anuncios -




Карлабаьккхинарг 27:6 - Делан Йозанаш

6 И меттиг, дийнначу тӀулгех а кечъяй, дӀахӀоттае, оцу тӀехь шайн Везачу Далла лерина сагӀанаш даха.

Ver Capítulo Copiar




Карлабаьккхинарг 27:6
6 Referencias Cruzadas  

Везачу Элан цӀа дечу хенахь, тӀулгаш, лаьттах шаьш схьадохучу меттехь кеч а дой, схьадахьара. Белхалоша я жӀов етташ, я диг тухуш, я кхин долу эчиг вовшахдетташ татанаш ца дора и цӀа дечу меттигна уллохь.


Нагахь шаьш Суна лерина сагӀа доккху меттиг тӀулгех еш хилахь, хьаькхначу тӀулгех ма е иза. ТӀулг хьокхучу гӀирсо уьш Далла хьалха бехдийр ду.


Даггара болчу безамца лелалаш, вай деза а делла, вайн дуьхьа Шен са хаза хьожа йогӀучу сагӀина а, Далла тамехь долчу гӀурбанна а дӀаделла волу Дала леррина Къобалвинарг санна.


Цигахь шайн Везачу Далла лерина аьчка гӀирсаца ца хьаькхначу тӀулгех сагӀа доккху меттиг кечъе.


Цигахь шайн Везачу Далла хьалха бертан сагӀанаш а дахий, уьш дууш, даккхийдеш лела.


Síguenos en:

Anuncios


Anuncios