25 „НеӀалт хуьлда, бехк боцучу стеган цӀий Ӏанорхьама, кхаьънаш дохучунна!“ Дерриге а халкъо эр ду: „Амин!“
Суна кхочу дакъа а, сан хинболу кхоллам а, Веза Эла, Хьо ву. Сан бала беза кхаж а Хьан карахь бу.
Хьан Веза Дела – деланийн Дела а, олахойн Олахо а ву. Иза сийлахь а, нуьцкъала а, ларамах вузуьйту Дела а ву. Цо озабезамаш ца бо, Цо кхаьънаш а ца ийдо.
Ма талхаделаш кхелъяр, цхьаьнгге а озабезам ма белаш. Ма эцалаш кхаьънаш, хӀунда аьлча кхаьънаша хьекъале берш а бӀарзбо, нийса болчеран гӀуллакхаш хийцадолуьйту.
Ӏийсана йинчу ямартлонах шена деллачу ахчанах цо латта эцнера. Цу лаьтта тӀехь велла карийна иза, даьттӀачу гай чуьра араяьлла чоко а йолуш.
элира: «Суна хӀун лур ю аша, аса Иза шайна дӀалахь?» Цара ткъе итт дети ахча лур ду шаьш элира.
Халкъана юкъахь мотт бетташ ма лела, хьайн уллорачун дахарна кхерам ма таса. Со Веза Эла ву.
Иштта бекхам хилира цунна, Яруб-БаӀалан кхузткъе итт кӀант вер бахьана долуш. Церан цӀий бахьана долуш бекхам хилира церан ваша волчу Абу-Маликна а, Шехеман бахархошна а, уьш байар тӀетадина болчу.