16 „НеӀалт хуьлда шен да я нана сийсаздаьккхинчунна!“ Дерриге а халкъо эр ду: „Амин!“
ТӀаккха Нохьас элира: «НеӀалт хуьлда КанаӀанна. Шен вежарийн лешна хьалха а лай хир ву иза», – аьлла.
Шайн дай-наний а лара, шайн Везачу Дала шуна лур долчу лаьтта тӀехь дехха дахар шун хилийтархьама.
Шен дена я нанна неӀалт аьлларг вен веза.
Декъаза ву дега бохуш верг: «И мила ву, ахь дуьнен тӀе ваьккхинарг?» Я нене бохуш верг: «И мила ву, ахь винарг?»
Ярушалайман бахархоша шайн дай-наний емалдо, кхечу мехкашкарчу нахана гӀело йо, бисина Ӏаш болу зударий а, бобераш а ледо.
ХӀора а шайн нене а, дега а болчу ларамах вуьзна хила, Суна лерина шоьтан денош а ларде. Со шун Веза Дела ву.
Шен дена я нанна неӀалт аьлларг вен веза. Иза шен дена я нанна луьйш вара, цундела шен цӀий шена тӀехь ду цунна.
Шайн да а, нана а лара, шайн Везачу Дала тӀе-ма-диллара, шайн Везачу Дала шуна луш долчу лаьтта тӀехь дехха дахар шун хилийтархьама а, шуна дика хилийтархьама а.