Biblia Todo Logo
La Biblia Online

- Anuncios -




Карлабаьккхинарг 27:12 - Делан Йозанаш

12 «Йордан-хих дехьадевлча, Герзим-лам тӀехь хӀара тайпанаш дӀахӀитто деза халкъ декъалдайтархьама: ШимӀин, Левин, ЯхӀудан, Иссарханан, Юсупан, Бен-Яманан тайпанаш.

Ver Capítulo Copiar




Карлабаьккхинарг 27:12
10 Referencias Cruzadas  

Леас элира: «Ас сайн майрачунна ялхо яларна Дала совгӀат дина суна». Цо кӀентан цӀе Иссархан тиллира (иза «совгӀат ду» бохург ду).


Цо кӀентан цӀе Юсуп тиллира (иза «алсамдалийта» бохург ду). «Везачу Эло кхин а лойла суна кӀант», – бохура цо.


Шен са дӀадалале Рахьала кӀентан цӀе Бен-Они тиллира (иза «сан баланийн кӀант» бохург ду), амма дас Бен-Яман элира цунах (иза «сан аьтто куьйган кӀант» бохург ду).


Исраил цу меттехь Ӏаш волуш, Раабан шен ден ялхочуьнца Балхьатца дӀавижира. Исраилна хиира иза. Якъубан шийтта кӀант вара.


Оцу дийнахь Мусас, иштта а олуш, халкъана тӀедиллира:


Ткъа неӀалташ дӀакхайкхадайтархьама Ӏейбал-лам тӀехь дӀахӀитто деза: Раабанан, Гадин, Ашаран, Забулан, Данан, Напталан тайпанаш.


Шехемарчу куьйгалхоша Абу-Малик шайн паччахь вина дӀахӀоттинийла хиъча, Йовтама, Герзим-лам тӀе а ваьлла, мохь а бетташ, халкъе элира: «ЛадогӀа соьга, Шехеман бахархой. Цул тӀаьхьа шуьга Дала ладугӀийла.


Síguenos en:

Anuncios


Anuncios