Biblia Todo Logo
La Biblia Online

- Anuncios -




Карлабаьккхинарг 27:1 - Делан Йозанаш

1 Мусас а, исраилхойн динан дайша а халкъана весет дира, иштта а олуш: «Ас тахана шайна тӀе мел дуьллуш долу весеташ кхочушделаш.

Ver Capítulo Copiar




Карлабаьккхинарг 27:1
13 Referencias Cruzadas  

Ткъа хӀинца Везачу Эло хаьржина долчу, гулделлачу Исраилан халкъана хьалха, Везачу Элан гуламехь, вайн Далла дӀа а хозуьйтуш, ас боху: „Шайн Везачу Делан дерриге а весеташ леррина кхочушде. ТӀаккха далур ду шуьга кху хьаналчу лаьтта тӀехь олалла, и латта хаддаза шайн тӀаьхьенера тӀаьхьене дӀа а луш“.


ХӀунда аьлча цара Якъубан халкъ дӀакхаьллина, иза Ӏаш болу мохк а бохийна.


Амма Ӏийсас элира: «Кхин а декъала бу, Делан даше ла а дугӀуш, иза кхочушдеш берш».


Шу Сан доттагӀий ду, нагахь аша Ас тӀедиллина гӀуллакх кхочушдахь.


ХӀара дешнаш Муса-пайхамаро аьлла дара массо а исраилхошка, Йордан-хина малхбузехьа йолчу яьссачу аренгахь, Ӏариба-тогӀи чохь, Суп олучу меттигна дуьхьал уьш болчу хенахь. Цигахь цхьана агӀор Паран-аре яра, ткъа Тупал а, Лабан а, Хьацерут а, ДизахӀаб а вукху агӀор яра.


тахана ас шайга дӀакховдош долу Цуьнан массо а парзаш а, тӀедехкинарш а леррина кхочушделаш».


«ХӀокху дийнахь шун Везачу Дала весет до шуьга, хӀара парзаш а, тӀедехкинарш а кхочушде аьлла. Мел долчу даггара а, шайн мел долчу синца а кхочушделаш уьш.


Цо чӀагӀо йина, Ша мел кхоьллинчу халкъел шу лакхара а дина, сий а, сийлалла а, исбаьхьалла а долуш дӀахӀиттор ду аьлла. Хьан Везачу Далла хьалха, Цо ма-аллара, деза халкъ хир ду хьо».


Шун Везачу Дала шайна луш долчу лаьтта тӀе доьлхуш шаьш Йордан-хих дехьадевлча, цигахь шайна даккхий тӀулгаш дӀа а хӀиттадай, царна кир тоха.


ЧӀогӀа ларделаш шайн Везачу Делан весеташ, цуьнан сацамаш а, парзаш а, шайна тӀедехкина долу.


Берриг а товрат-хьехамаш кхочуш а беш, цхьана хӀуманна тӀехь къалатийнарг массо а хӀуманна тӀехь а бехке хуьлу.


Síguenos en:

Anuncios


Anuncios