Biblia Todo Logo
La Biblia Online

- Anuncios -




Карлабаьккхинарг 26:9 - Делан Йозанаш

9 ХӀокху метте схьа а далийна, хӀара шуьрех а, мазах а дуьзна токхе латта тхуна схьаделира Цо.

Ver Capítulo Copiar




Карлабаьккхинарг 26:9
12 Referencias Cruzadas  

Ткъа Цо тидам бира уьш гӀайгӀанехь хиларан, церан орца даккхар Шена дӀахезча.


Ас чӀагӀо йина, шуна таӀзар дечу Мисарара канаӀанхойн а, хьетахойн а, эмархойн а, перезахойн а, хьаьвихойн а, явсайхойн а махка, шуьрех а, мазах а дуьзначу токхечу лаьтта тӀе, шу дӀадига’“.


ТӀевахана, иза мисархойн Ӏазапах кӀелхьара а даьккхина, цу махкара арадоккхур ду Ас. Дикачу а, боккхачу а, шуьрех а, мазах а дуьзначу токхечу, канаӀанхойн а, хьетахойн а, эмархойн а, перезахойн а, хьаьвихойн а, явсайхойн а махка дӀадуьгур ду Ас Сайн халкъ.


Ас айдинчу куьйгаца цу яьссачу аренгахь чӀагӀо йира царна, уьш шуьрех а, мазах а буьзначу, уггар хазачу, Айса царна дӀабала билгалбаьккхинчу махка уьш схьабалор бац аьлла,


Цу дийнахь Ас царна дош делира, уьш, Мисар-махкара ара а баьхна, Айса церан дуьхьа теллинчу лаьтта тӀе дӀабига, уггар хазачу, шуьрех а, мазах а дуьзначу токхечу лаьтта тӀе.


Амма Дала гӀо дира суна, таханалера де кхачале а. Цуьнан гӀоьнца лаьтташ ву со тахана кхузахь хьалдолчу а, къечу а нахе тоьшалла деш, кхин хӀумма а ца дуьйцуш, пайхамарша а, Мусас а хир ду аьлларг бен:


Хьо Ӏаш волчу езачу меттера схьа а хьажий, декъалбехьа Хьайн халкъ долу исраилхой, декъалдехьа Айхьа, тхан дайшна чӀагӀо ма-ярра, тхуна схьаделла долу, шуьрех а, мазах а дуьзна токхе латта“».


ТӀаккха шун дайн Везачу Дала, шун дайшка шуна лур ду аьлла ма-хиллара, шун дола луш долчу, шуьрех а, мазах а дуьзначу токхечу лаьтта тӀе довлархьама, шаьш Йордан-хих дехьадевлча, хӀокху товрат-хьехаман дерриге а дешнаш оцу тӀулгаш тӀе дӀаязде.


Исраилан халкъ, ла а догӀа, уьш леррина кхочуш а де, шайна дика хилийтархьама а, шу алсам дебийтархьама а шуьрех а, мазах а дуьзна токхе лаьтта тӀехь, шун дайн Везачу Дала шуна чӀагӀо ма-ярра.


Массо а адам даха дезачу новкъа волуш ву со хӀинца. Шайн дагаца а, синца а шуна массарна а хаьа, шун Везачу Дала шуна деллачу ваӀданех кхочуш ца хуьлуш цхьа а ца диснийла. Уьш дерриг а кхочушхилла, цхьа а ца дуьсуш!


Цул тӀаьхьа Шамъала, тӀулг схьа а эцна, иза МицӀпаний, Шан-юртаний юккъе охьабиллира. Цу тӀулган цӀе Абани-Ӏазар тиллира цо (иза «гӀо ден тӀулг» бохург ду). Шамъала элира: «Везачу Эло хӀокху метте кхаччалц вайна гӀо дина».


Síguenos en:

Anuncios


Anuncios