7 Оха тхайн дайн Дела волчу Везачу Эле маьхьарца дийхира. Тхан мохь Везачу Элана дӀахезира. Цунна гира оха бала хьегар а, тхан хала белхаш а, тхуна еш йолу гӀело а.
Далла хезира кӀант ша Ӏуьллучохь воьлхуш. Делан малико стигалара элира ХӀажаре: «ХӀун хилла, ХӀажар! Ма кхера! Везачу Элана хезна кӀант воьлхуш.
Леас кӀант вира, цуьнан цӀе цо Раабан тиллира (иза «сан бала гина Цунна» бохучух тера ду), хӀунда аьлча цо бохура: «Везачу Элана гина аса хьоьгу бала: хӀинца мукъана а со езаяла мега сан майрачунна».
Тахана сан бала Везачу Элана дӀагича, таханлерчу сардамийн метта Цо суна декъалдар юхадала а мега».
Ас хьо кхетор а ву, хьо ваха везачу новкъа а воккхур ву. Ас куьйгалла а дийр ду хьуна тӀехь, Сан бӀаьрг а бу хьуна тӀехь.
Нийсонца лелаш боцурш Хьан новкъа ас бохур бу, тӀаккха галбевлларш Хьуна тӀебоьрзур бу.
Цул тӀаьхьа дуккха а хан елира. Мисар-мехкан пирӀун велира, амма исраилхой, хьалха санна, Ӏазапехь бохкуш бара. Беза болх ла ца луш, узарш дора цара. Цара доккху орца Деле хьалакхечира.
Исраилхошка а хьаьжна, церан Ӏалашо ян лиира Далла.
Исраилхойн белхарш хезна Суна, мисархоша церан Ӏазапехь бахкор а гина.
Халкъ тийшира. Исраилхошна хиира, шайн баланаш а гина, Везачу Эло шайн гӀайгӀа бойла. Цунна хьалха гора а хӀиттина, суждана бахара уьш.
Исраилхойн узарш хезира Суна, уьш, мисархойн леш а хилла, баланехь хилар гира, тӀаккха Сайн цаьрца хилла барт дагабеара Суна.
«Иштта боху Везачу Эло, латта кхоьллина а, цунна куц делла а, иза чӀагӀдина а Волчо, Шен цӀе Веза Эла Йолчо:
«Кхана хӀоккху хенахь Аса Бен-Яманан лаьттара хьуна тӀе цхьа стаг воуьйтур ву. Ахьа иза, Сан къомана куьйгалхо хилийта, цунна тӀе даьтта дуттуш, къобалван веза. Цо Исраилан халкъ пӀелаштамхойх кӀелхьардоккхур ду. Со диканца хьаьжна Сайн къоме, хӀунда аьлча цуьнан узарш Суна схьахезна ду».