6 Амма мисархой тхоьца къиза бара, цара тхуна гӀело а йора, тхоьга хала белхаш а бойтура.
Мисархоша шайн хьаькамаш хӀиттийра, исраилхойх леш а бина, цаьрга беза белхаш байта. Питам а, РаӀамсас а цӀераш йолу гӀаланаш йира исраилхоша пирӀунна, шайна чохь тӀаьхьалонна хӀума латто.
Мисархоша къахьдинера исраилхойн дахар, поппарца а, кибарчигашца а болу а, аренашкахь болу а беза белхаш бойтуш. Муьлхха а болх бойтура цара исраилхошка, къинхетам боцуш.
«Ӏебархойн зударийн бераш хуьлучу хенахь йоӀ дийна йита, кӀант ве!», – аьлла.
ТӀаккха пирӀуно дерриге а шен халкъе омра дира: «Дуьнен чу ваьлла Ӏебархойн кӀант Нил-хи чу кхосса, ткъа йоӀ дийна йита», – аьлла.
Юха Мисар-махкахь керла пирӀун хӀоьттира, цунна Юсупах лаьцна хӀумма а ца хаьара.
«ХӀора дийнахь ян еззачул кибарчигаш йийр ю аша, церан дукхалла лах а ца деш», – бохучу дешнашца шайна тӀебеана бала гира исраилхошна.
ПирӀунна тӀе а вахана, ас Хьан цӀарах къамел дичхьана, цо кхин а чӀогӀа ницкъ бо кху халкъана. КӀелхьара-м муххане а ца даьккхи Ахь Хьайн халкъ».
Алссам болх ло царна, эрна къамелаш схьа а ца лоьцуш, цаьрга болх байта».
Тхан дай Мисар-махка дӀабаханера. Дуккха а хан яьккхира оха цигахь. Тхан дайшца а, тхоьца а къиза бара мисархой.
Оха тхайн дайн Дела волчу Везачу Эле маьхьарца дийхира. Тхан мохь Везачу Элана дӀахезира. Цунна гира оха бала хьегар а, тхан хала белхаш а, тхуна еш йолу гӀело а.
Ткъа шу Везачу Эло, эчиг лало пеш йолчу Мисар-махкара схьа а эцна, арадаьхна. Цо иза, хӀинца схьагуш ма-дарра, шух Шен долахь долу халкъ хилийтархьама дина.