4 Динан дас и тускар, шун карара схьа а эцна, шун Везачу Делан сагӀа доккхучу кхерчана хьалха дӀахӀоттор ду.
БӀаьрзе нах! ХӀун ду деза – сагӀина еана хӀума ю, я ша кхерч бу, еана йолу хӀума язъеш болу?
Оцу деношкахь гӀуллакх деш хин волчу динан дена тӀе а гӀой, аш иштта дӀаала: „Ас тахана шун Везачу Далла хьалха дӀахьедо, Везачу Эло тхан дайшна, ваӀда а дина, лур ду аьллачу лаьтта тӀе со схьавеана хилар“, – алий.
Ткъа аша, дӀахьедар а деш, шайн Везачу Далла хьалха иштта дӀаала: „Сан ворхӀе а да ваьлла лелаш волу арамхо вара. Иза, Мисар-махка а вахана, кӀеззиг долчу адамашца ваха хиира. Цигахь цунах сийлахь а, нуьцкъала а, алсам долу а халкъ схьаделира.