Biblia Todo Logo
La Biblia Online

- Anuncios -




Карлабаьккхинарг 26:2 - Делан Йозанаш

2 шун Везачу Дала шуна луш болчу мехкан лаьтто кхиийна мел долчунна тӀера дуьххьарлерчух цхьадерг, схьа а эцна, тускар чу дилла. Цаьрца шун Везачу Дала Ша Ӏайтархьама къастор йолчу метте дӀагӀо.

Ver Capítulo Copiar




Карлабаьккхинарг 26:2
33 Referencias Cruzadas  

ЭлишаӀана тӀе БаӀал-Шалшера цхьа хьенех веара. Цо Делан стагана шен дуьххьарлерчу ялтин дакъа деанера. Цуьнан тӀоьрмаг чохь ткъех мекхан бепиг а, керлачу кӀен кенаш а дара. «Уьш нахана дӀа а лой, даийта цаьрга», – элира ЭлишаӀа.


Паччахьан омра дӀакхайкхийча, керлачу ялтех а, чагӀарх а, даьттанах а, мазах а, аренгара тайп-тайпанчу стоьмех а вуно дукха хӀума еара исраилхоша. Шайн долчу дерриг а хьолах уьтталгӀа дакъа а деара цара.


Ткъа хӀинца Ярушалайм-гӀала схьахаьржина Аса, Сайн цӀе язъян лерина цӀа цигахь хилийта, ткъа Дауд хаьржина Аса, Сайн Исраилан халкъана тӀехь олалла дайта“.


Цу дийнахь билгалбехира чӀоьнаш карахь долу нах. ХӀора доьзало деш долу совгӀаташ – дуьххьара схьабевлла болу стоьмаш а, ялтин уьтталгӀа долу дакъа а – цу чӀоьнаш чохь лардан дезаш дара. ГӀаланашна гонах долчу кхаш тӀера цара чӀоьнаш чу схьадан дезаш дара товрат-хьехамаша динан дайшна а, левихошна а лерина долу дакъош, хӀунда аьлча яхӀудхой чӀогӀа хазахетта бара цигахь гӀуллакх дечу динан дайшна а, левихошна а.


Билгалъяьхначу хенашкахь сагӀанаш дагорна лерина долу дечиг Ӏалашдаран Ӏадат дӀахӀоттийра ас. Иштта Аса билгалдаьккхира, дуьххьара болу стом а, дуьххьара долу ялта а наха маца схьадан деза. Сан диканна Хьайн дагахь латтадехьа и дерриг а, ва сан Дела!»


Лаьттах Суна лерина сагӀа доккху меттиг а яй, цу тӀехь дийнаташ дагоран а, барт баран а сагӀанаш даха, шайн уьстагӀий а, стерчий а далош. Сан цӀе шуна дагаяийта Ас билгалъяьхначу массо а меттигашкахь, Со тӀе а вогӀуш, Ас шу декъалдийр ду.


Хьалха чудерзийна ялта а, кемсийн мутта а, зайтдаьтта а Суна шен хенахь схьало. Дуьххьара шайн хилла кӀант а схьало Суна.


Айхьа бинчу белхан дуьххьарлера ялта арара схьаэцаран де а дазде. Иштта, хьайн арара болх дӀаберзош, шеран чаккхенехь ялта чудерзоран де а дазде.


Хьайн арара дуьххьара гулдина ялта хьайн Везачу Делан цӀийне да. Буьхьиган жижиг цуьнан ненан шури чохь ма кхехкаде».


Хьайн лаьтто дуьххьара белла стоьмаш хьайн Везачу Делан цӀа чу схьаба. Буьхьиг шен ненан шури чохь ма кхехкае».


Исраилан халкъ Везачу Элана лерина схьакъастийна дара, дуьххьара болу стом санна, Цуьнан долахь бен дацара. Иза мел кхоллург бехке хетара, ткъа царна тӀе бохам боуьйтура’ – боху Везачу Эло“».


Сан махкахь болчу безачу лам тӀехь, лекхачу Исраилан лам тӀехь, – боху Хьалдолчу Эло, – Суна гӀуллакх а деш, лелар ду дерриг а Исраилан халкъ. Ас цигахь хазахетарца тӀеоьцур ду шу. Цигахь Со хьоьжур ву аша Суна лерина мел долчу хӀумане а, шун тоьллачу сагӀанашка а, шун дезачу совгӀаташка а.


Дуьххьара схьа мел гулдинчу ялтех тоьлла дакъа а, массо а тайпана Суна лерина долу совгӀаташ а кхочу динан дайшна. Шайн ялтех даьккхинчу дуьххьарлерчу бедах а тоьлла дакъа де динан дайшна, шайн хӀусамаш декъалйина хилийтархьама.


Цу лаьттах цхьа а дакъа я дохка а, я хийца а йиш яц церан. Иштта цхьана стеган карара вукхун кара дӀадала а йиш яц и тоьлла латта, хӀунда аьлча иза Везачу Элан долахь долу деза латта ду.


Дуьххьара схьаэцначу ялтех долу совгӀат санна дан мегар ду уьш Везачу Элана лерина, амма тамехь хьожа яийта кхерча тӀехь даго мегар дац.


Дуьххьарчу ялтех кӀен сагӀа доккхуш делахь, цӀера тӀехь дакъийначу кенех даьхна аьтта долу буьртигаш да.


Бедан хьалхарчу декъах деттинарг Делан долахь хилча, берриг а бод Цуьнан долахь бу. Диттан орамаш даздина хилча, диттан гаьннаш а хир ду иштта даздина.


Маршалла ло церан цӀахь гуллуш йолчу динан тобане а. Маршалла ло сан хьомечу Эпанте а. Иза Асиа-махкахь Дала леррина Къобалвинчунна тӀебирзинчарах хьалхарниг ву.


Дала мел кхоьллинчо дина а ца Ӏаш, дуьххьарлера ялтин стом санна, Делан Са вайца доллушехь, вай а ду кийрахь узарш деш, Дала вайна Шен берийн бакъонаш яларан замане ла а доьгӀуш. Оцу хенахь Дала вайн догӀмаш паргӀатдохур ду.


Делахь а, беллачарна юкъара болу дуьххьарлера стом санна, Дала леррина Къобалвинарг веллачуьра ден ма вина.


Амма хӀораннан а шен-шен рагӀ хир ю. Дала леррина Къобалвинарг денбинчарах дуьххьарлераниг ву. ТӀаккха Иза схьавеача, Цуьнан долахь берш а денбийр бу.


ХӀора кӀиранан дуьххьарлерчу дийнахь шух хӀораммо а, шайна карадеанчу ахчане хьаьжжина, цунах цхьадолу дакъа Ӏалашде, со дӀавеанчу хенахь ахча гулдар оьшуш ца хилийтархьама.


Цул тӀаьхьа шайн Везачу Далла лерина ШавуӀот цӀе йолу дезде дазделаш, шайн лаамца долу сагӀа а доккхуш, шайн Везачу Дала шу декъалдаре хьаьжжина.


Иштта дуьххьара гулдина ялта а, даьккхина чагӀар а, даьтта а, уьстагӀашна тӀера дуьххьара лергина тӀаргӀа а дӀало царна.


«Шун Везачу Дала шуна кхочуьйтур долчу лаьтта тӀе а даьхкина, и латта шайн дола а даьккхина, шу цигахь даха охьахевшича,


Оцу деношкахь гӀуллакх деш хин волчу динан дена тӀе а гӀой, аш иштта дӀаала: „Ас тахана шун Везачу Далла хьалха дӀахьедо, Везачу Эло тхан дайшна, ваӀда а дина, лур ду аьллачу лаьтта тӀе со схьавеана хилар“, – алий.


Шен лаамца, бакъдолчу кхоаца кхоьллина Цо вай, Ша кхоьллинчарна юкъахь вай лараме хилийта.


Латта схьадаьккхинчул тӀаьхьа дерриг а Исраилан халкъ Шилунехь схьагулделира. Везачу Элан деза четар дӀахӀоттийра цара цигахь.


Уьш, зудчух куьг тохаза, кӀантстегарий бара. Уьш бара, Ӏахар стенгга бодахь а, Иза воьддучу дӀабоьлхуш берш. Мах а белла, адамашна юкъара паргӀатбаьхна бара уьш, Далла а, Ӏахарна а ялтин хьалхара стоьмаш санна дӀабалархьама.


Síguenos en:

Anuncios


Anuncios