Biblia Todo Logo
La Biblia Online

- Anuncios -




Карлабаьккхинарг 26:19 - Делан Йозанаш

19 Цо чӀагӀо йина, Ша мел кхоьллинчу халкъел шу лакхара а дина, сий а, сийлалла а, исбаьхьалла а долуш дӀахӀиттор ду аьлла. Хьан Везачу Далла хьалха, Цо ма-аллара, деза халкъ хир ду хьо».

Ver Capítulo Copiar




Карлабаьккхинарг 26:19
21 Referencias Cruzadas  

Цо Шен халкъ, маӀа санна, нуьцкъала хилийтира, хастамаш бан бахьана хӀоттийра Шена тешаме мел болчарна – Шена уллора халкъ долчу исраилхошна. Хастам бу Везачу Элана!


Нагахь Ас бохучуьнга ла а дугӀуш, Соьца бина барт аш ларбахь, массо а халкъашна юкъара шу Сан долахь долу жовхӀар хир ду, хӀунда аьлча дерриг а Латта Сан ду.


Шу Сан деза халкъ а хир ду, динан дайн пачхьалкх а хир ю“. Муса! Ас аьлла и дешнаш Исраилан халкъе ахь дӀахаийта».


«Везачу Эло паргӀатдаьккхина, деза халкъ» эр ду царах, ткъа хьох «Лехна йолу а, дӀатесна йоцу а гӀала» эр ду.


Адаман гӀодаюккъехь доьхка чӀогӀа дӀадехкаре терра, Аса Исраилан а, ЯхӀудан а ерриге а тӀаьхье Сайна чӀогӀа улло ялийнера, – боху Везачу Эло, – царах Сайн къам дархьама, уьш Сан сийлалла а, дозалла а, хазалла а хилла дӀахӀиттийтархьама. Амма цара Соьга ла ца дуьйгӀира».


Исраилан халкъ Везачу Элана лерина схьакъастийна дара, дуьххьара болу стом санна, Цуьнан долахь бен дацара. Иза мел кхоллург бехке хетара, ткъа царна тӀе бохам боуьйтура’ – боху Везачу Эло“».


Ярушалайм-гӀалано дуьненан массо а къаьмнашна хьалха Суна гӀарадаккхар а, хазахетар а, хастам а, сий а доккхур ду, Айса цунна мел дина дика царна хезча. Ларамах а буьзна, уьш бегош хир бу, Аса цунна ден долу дика а, аьтто а шайна дӀагича“».


Хьуна гӀело мел йиначарна таӀзар дийр ду Ас оцу хенахь. АстагӀа леларш кӀелхьарбохур бу, дӀасабаржийнарш тӀегулбийр бу. Ас уьш лоруьйтур бу, гӀарабохур бу уьш сийсазбохучу хӀокху дерриге а лаьтта тӀехь.


Оцу хенахь Ас шу схьа а далор ду, оццу дийнахь схьа а гулдийр ду. Ас шу гӀарадохур а ду, лоруьйтур а ду лаьтта тӀера массо а халкъашна юкъахь, Ас шун бӀаьргашна хьалха шун аьтто юхаметтахӀоттийначу хенахь», – боху Везачу Эло.


Хьалхалерчу заманахь кхечу къаьмнех болчу наха, неӀалт а кхайкхош, ЯхӀудан а, Исраилан а халкъ хьахадора. Амма хӀинца Ас шун аьтто бийр бу, нахана шу декъалдинарш хетар а ду. Ма кхералаш, чӀагӀлойла шун куьйгаш!“


Мусас а, исраилхойн динан дайша а халкъана весет дира, иштта а олуш: «Ас тахана шайна тӀе мел дуьллуш долу весеташ кхочушделаш.


«Шу шайн Везачу Деле ладугӀуш а хилахь, ас шуна тахана дуьйцуш долу, Цо тӀедиллинарг дерриг а кхочушдеш а хилахь, шун Везачу Дала дуьнен чуьра массо а халкъал лакха ойур ду шун халкъ.


Нагахь шун Везачу Дала тӀедиллинарг, тахана ас шуьга Ӏалашде а, кхочушде а бохург, аш кхочушдахь, Везачу Эло шу коьртехь хуьлуьйтур ду, цӀоганехь ца хуьлуьйтуш, шу лакхахь хир ду, лахахь доцуш.


Шун Везачу Дала тӀедиллинарг кхочуш а деш, Цуьнан некъашкахула шу лелахь, Цо шуна чӀагӀо ма-ярра, шух Шен къастийна халкъ дийр ду.


Хьайн Везачу Делан деза халкъ ду хьо. Хьан Везачу Дала хьо хаьржина, хьох Шен долахь долу халкъ дархьама, дуьнен чохь мел долчу халкъашна юкъара схьа а хаьржина дина долу.


Шу шаьш а ду дийна тӀулгаш. Шайх синан цӀа дайта, цу чохь динан дай хилархьама, Дала леррина къобалвинчу Ӏийсагахула Далла лууш долу синан сагӀанаш даха.


Амма шу къастийна тайпа ду, Паччахьан лаамехь болу динан дай, деза халкъ, Делан долахь дерш, боданера Шен исбаьхьчу серлоне Кхайкхинчун сийлахьчу гӀуллакхех лаьцна шуьга дийцийтархьама.


Síguenos en:

Anuncios


Anuncios