Веза Эла сан ницкъ бу, Цуьнан дуьхьа ас назма олу, Цунах суна КӀелхьарвоккхург хилла дела. Иза сан Дела ву, Цунна хастам бо ас. Сан ден а Дела ву Иза, цундела ас лору Иза.
И кхоалгӀа дакъа Ас цӀерга тосур ду. Дети лаладаре терра, лалор ду иза, деши цӀандеш ма-хиллара, цӀан а дийр ду. Соьга кхойкхур бу уьш, ткъа Суна хезар бу уьш. Ас эр ду: „Иза Сан халкъ ду“. Цара а эр ду: „Веза Эла – тхан Дела ву!“»
Нагахь санна тахана ас шайна тӀедуьллуш долчу шун Везачу Делан весеташка аша ладогӀахь, – шайн Веза Дела везар, Цуьнан некъашца лелар, Цуьнан весеташ а, Цуьнан парзаш а, Цуьнан тӀедехкинарш а лардар – шу дехар а ду, шу дебар а ду, шайн дола даккха шу тӀедоьлхучу лаьтта тӀехь шу декъал а дийр ду.