Карлабаьккхинарг 26:14 - Делан Йозанаш14 Со веллачунна тийжачу хенахь Хьуна дӀакъастийначух хӀумма а ца диира ас, со Хьуна хьалха цӀена воцучу хенахь царах хӀумма а схьа ца эцна ас, иштта царах хӀумма а веллачунна сагӀина дӀа ца деллера ас. Сан Везачу Дала бохучунна муьтӀахь хилира со. Ахь суна тӀе мел диллинарг кхочушдира ас. Ver Capítulo |
Цара Везачу Элана чагӀаран сагӀа дуттур дац. Иза резавархьама, дийнатийн сагӀанаш даха церан таро хир яц. Церан бепиг Везачу Элан цӀа чу дахьа таро йоцу Дела, иза Далла хьалха боьха хир ду, и бепиг церан гайна бен кхача хир бац. И бепиг диънарш массо а Далла хьалха боьха хир бу, тезетахь дууш долу бепиг иза долуш санна.
Ткъа и пайхамар я и гӀенаш гург Ӏожаллин кара дӀало, шу Мисар-махкара арадаьхначу а, лоллин цӀийнара паргӀатдаьхначу а шайн Везачу Делах шу дӀадерзийтархьама къамелаш ишттачу наха до дела. Ткъа царна шу галдаха ма лаьа шун Везачу Дала весет дина болчу некъа тӀера. Шайна юкъара зулам иштта дӀадаккха.