Biblia Todo Logo
La Biblia Online

- Anuncios -




Карлабаьккхинарг 26:13 - Делан Йозанаш

13 Цул тӀаьхьа шун Везачу Далла хьалха иштта ала: „Хьуна дӀакъастийна мел долу хӀума сайн цӀенна тӀера схьа а эцна, иза левихочунна а, тӀевеанчунна а, бона а, йисинчу зудчунна а дӀаделла ас, Ахь суна тӀедехкинчу Хьан дерриге а весеташа ма-бохху. Ас Хьан весеташ талха а ца дина, ас уьш диц а ца дина.

Ver Capítulo Copiar




Карлабаьккхинарг 26:13
19 Referencias Cruzadas  

ТӀаккха сан корта суна го бинчу мостагӀашна тӀехь хьалаайабелла хир бу. Иза Ӏаш волчу меттехь аса, аз а айдеш, массо а тайпана сагӀанаш дохур ду, Везачу Элана хьалха аса иллеш а, хастаме назманаш а эр ду.


Сан кӀант! Сан хьехам биц ма бе, сан весеташ хьайн даг чохь а латтаде,


Цундела дерриг а сайн ницкъ кхочург дан гӀерта со Далла а, нахана а хьалха догцӀена хилархьама.


Оха дозалла а до, тхан дегнаша тоьшалла а до, дуьнен тӀехь тхо лелар а, шуьца йолу юкъаметтиг а Далла хьалха догцӀена а, хӀумма а къайла ца доккхуш а хилла аьлла. Ткъа иза адаман хьекъалца а доцуш, Делера долчу диканца дара.


Гуттара а декъала волу Веза Эла волчу Ӏийсан Да волчу вайн Далла хаьа, со харц луьйш воцийла.


ТӀаккха левихой а (церан долахь, шун санна, лаьттан дакъа ца хиларна), тӀебаьхкина нах а, бай а, бисина зударий а схьабахкийта, оцу уьтталгӀачу дакъойх цаьрга даийта а, бузийта а, шун куьйгаша деш долчу муьлххачу а гӀуллакхашна тӀехь шун Везачу Деле шу декъалдайтархьама».


Шун лаьтто схьаделлачух массо а хӀуманах уьтталгӀа дакъа дӀакъастийча, кхозлагӀчу шарахь, уьтталгӀа дакъа дӀадаларна леринчу шарахь, иза левихочунна а, тӀевеанчунна а, бона а, йисинчу зудчунна а дӀало, цаьрга шайн гӀаланашкахь юург яийтархьама а, уьш бузийтархьама а.


Со веллачунна тийжачу хенахь Хьуна дӀакъастийначух хӀумма а ца диира ас, со Хьуна хьалха цӀена воцучу хенахь царах хӀумма а схьа ца эцна ас, иштта царах хӀумма а веллачунна сагӀина дӀа ца деллера ас. Сан Везачу Дала бохучунна муьтӀахь хилира со. Ахь суна тӀе мел диллинарг кхочушдира ас.


Шу а, Дела а теш ду-кх, Делах тешачу шуна хьалха цӀена а, Делан лаамехь а, ала хӀума а ца дуьтуш тхо муха Ӏара.


Síguenos en:

Anuncios


Anuncios