10 Ткъа хӀинца, Веза Эла, Ахь суна схьаделлачу лаьтто кхиийначу дуьххьарлерниг Хьуна деана ас“. Иштта а алий, и тускар охьа а диллий, шайн Везачу Далла суждане гӀо.
Ткъа тхо муьлш ду: я со а, я сан халкъ а, иштта Хьуна сагӀа дан таро хилла долу? Иза-м ша дерриге а Хьоьгара ма ду. Хьан карара тхаьш схьаэцнарг Хьуна дӀа а делла оха.
Цунна гонах паччахьан сий а, исбаьхьалла а ю. Цуьнан деза цӀа ницкъах а, сийлаллех а дуьзна ду.
Хьалха чудерзийна ялта а, кемсийн мутта а, зайтдаьтта а Суна шен хенахь схьало. Дуьххьара шайн хилла кӀант а схьало Суна.
Хьайн арара дуьххьара гулдина ялта хьайн Везачу Делан цӀийне да. Буьхьиган жижиг цуьнан ненан шури чохь ма кхехкаде».
Везачу Эло декъалваро хьал дахьа, ткъа къахьегаро цунна хӀумма а тӀе ца туху.
Везачу Элан сий де хьайн долахь мел долчуьнца. Айхьа мел бинчу белхан дуьххьарлерчу ялтица сий де Цуьнан.
Цхьана баттера вукху батте а, цхьана шоьтан дийнера вукху шоьтан дийне а долуш, массо а адам Суна хьалха суждане догӀур ду, – боху Везачу Эло. –
Амма кхечунна бехк буьллуш волчу хьан бехказаволийла дац, хӀунда аьлча кхечунна еш йолу кхел ахь хьайна йо, кхиверг бехке веш волчу ахьа а изза леладо дела.
Иштта шаьш юуш я молуш делахь а, я кхидолу муьлхха а гӀуллакх деш делахь а, Делан сийлаллин дуьхьа де.
Иштта дуьххьара гулдина ялта а, даьккхина чагӀар а, даьтта а, уьстагӀашна тӀера дуьххьара лергина тӀаргӀа а дӀало царна.
Аша тахана шайн Везачу Эле дӀахаийтина, Иза шун Дела вуйла а, Цуьнан некъашца шу лелар дуйла а, Цуьнан парзаш а, весеташ а, тӀедехкинарш а аша лардийр дуйла а, Цуьнан озе шаьш ладугӀур дуйла а.
шун Везачу Дала шуна луш болчу мехкан лаьтто кхиийна мел долчунна тӀера дуьххьарлерчух цхьадерг, схьа а эцна, тускар чу дилла. Цаьрца шун Везачу Дала Ша Ӏайтархьама къастор йолчу метте дӀагӀо.
Динан дас и тускар, шун карара схьа а эцна, шун Везачу Делан сагӀа доккхучу кхерчана хьалха дӀахӀоттор ду.
Амма аша шайн дегнаш чохь латтавелаш шайн Веза Дела, хӀунда аьлча шун хьал хилийта шуна ницкъ луш верг Иза ву. Иза иштта лела, ваӀда а дина, шун дайшца Ша бина барт, таханлерчу денна ма-барра, чӀагӀбархьама.
Амма малико соьга элира: «Варелахь, и ма делахь, хӀунда аьлча хьо а, хьан динан вежарий болу пайхамарш а, кху тептар тӀехь дерг мел лардийриг а санна, со а ду Цуьнан ялхо. Далла бен ма де Ӏибадат!»