8 Варелаш, кхераме чкъуран цамгар кхеттехь, левихойх болчу динан дайша шайна мел хьехнарг леррина кхочушделаш. Ас царна тӀедиллинарг а леррина кхочушделаш.
Иштта даим левихой болчу динан дайх цхьаццаммо Суна уллохь гӀуллакх дийр ду, юх-юха дийнаташ дагоран а, кӀен а, кхин тайпана а долу сагӀанаш а дохуш».
Нагахь доӀан томмагӀа юха а бедарна я кӀадина, я муьлххачу а тӀаьрсиган хӀуманна тӀехь гучудалахь, иза дӀасадаьржаш долу доӀан томмагӀа ду. Шена тӀехь доӀан томмагӀа мел долу бедар яго еза.
ГӀуда такхаран сагӀина бийначу Ӏахаран цӀий, цхьажимма схьа а эцна, цӀанвечу стеган аьтту лерган дуьме а, аьтту куьйган нана-пӀелга тӀе а, аьтту коган нана-пӀелга тӀе а хьокхур ду динан дас.
«Чкъуран кхераме цамгар йолу стаг товелча хиларх долу тӀедиллинарг иштта ду. Стаг Далла хьалха цӀанван везачу хенахь иза динан дена тӀевалор ву,
«ХӀокху хӀуманах лаьцна цхьаьнгге ма дийцалахь. Ваха а гӀой, хьо динан дега а гайтий, тӀаккха Далла лерина сагӀина хӀума ло, Муса-пайхамаро вайна тӀе-ма-диллара. Хьо товаларан тоьшаллина хир ду иза нахана хьалха».
«Варелахь, хиллачух лаьцна цхьаьнгге а ма дийцалахь. Ткъа хӀинца ваха а гӀой, хьо динан дега а гайтий, Муса-пайхамаро тӀе-ма-диллара, Далла лерина сагӀанаш даха. Хьо товаларан тоьшаллина хир ду иза нахана хьалха».
Уьш гиначу Ӏийсас элира: «Даха а гӀой, динан дайшна шаьш гайта», – аьлла. Цомгуш нах, дӀабоьлххушехь, новкъахь шайн цамгарх цӀинбелира.
Юха Ӏийсас элира цуьнга: «Кхунах лаций цхьаьнгге хӀумма а ма дийцалахь. Ткъа хӀинца ваха а гӀой, хьо динан дега гайта. Муса-пайхамаро тӀе-ма-диллара, Далла лерина сагӀанаш даха. Хьо товаларан тоьшаллина хир ду иза нахана хьалха».