7 Нагахь санна шен къомах волу исраилхойн стаг цхьаммо лачкъа а вина, цунах лай а вина, иза воьхкинехь, иштта волу къу вен веза. Цу тайпана дӀадаккха шайна юкъара зулам.
Байлахь бисинчеран варраш дӀаюьгу, йисина Ӏачун сту закъалтана дӀабуьгу.
Бобераш декхачуьра доху, къечун аганара бер закъалтана доккху.
Цхьаммо стаг, лачкъа а вина, вохкахь, я иза цуьнгахь каравахь, и лачкъийнарг вен веза.
Яван а, Тубал а, Машах а мехкаша хьоьца мах бора, леш а, цӀестах йина пхьегӀаш а хьоьгара оьцучу хӀуманна дуьхьал а луш.
Хьан ваша, я хьан кӀант, я хьан йоӀ, я хьан хьоме зуда, я хьан доттагӀа, хьуна хьайн са санна везаш волу, къайлаха хьо леван гӀорта мега: „Вало, кхечу деланашна гӀуллакх деш лелар ду вай“, – бохуш. Делахь а, хьуна а, хьан дайшна а бевзина ца хилла и деланаш.
Тоьшалла деш болчеран куьйгаш массерачул а хьалха хьалаайина хила деза и стаг вен, цул тӀаьхьа дерриге а халкъо царна тӀулгаш кхисса деза. Шайна юкъара зулам иштта дӀадаккха.
тӀаккха шен къомах волчунна дан цунна дагадеанарг цунна а делаш. Шайна юкъара зулам иштта дӀадаккха.
Цхьаммо а кӀа ору лакхара я лахара болу хьеран тӀулг закъалтана схьаэца ца беза, хӀунда аьлча ишттадерг дечо закъалтана стеган са схьаоьцу.
Иштта кхин а нахаца лелачарна а, вовшашца хьарам дерг лелочу божаршна а, дохкархьама адамаш лечкъочарна а, харц луьйчарна а, дуй къарбочарна а, нийсачу хьехамашца ца догӀуш лелочу массо а хӀуманна бина бу и товрат-хьехамаш.
хаза хьожа йогӀу даьтта а, хаза хьожа йогӀу кӀур хьалабохуьйтург а, деза хьакхарш а, чагӀар а, зайтдаьтта а, дама а, ялта а, бежанаш а, уьстагӀий а, дой а, гӀудалкхаш а. Иштта леш а, йийсар динарш а бара цара бухкуш.