6 Цхьаммо а кӀа ору лакхара я лахара болу хьеран тӀулг закъалтана схьаэца ца беза, хӀунда аьлча ишттадерг дечо закъалтана стеган са схьаоьцу.
И кӀант къаьсттина дукхавезаш, цунна чу са диллина ву тхан да. Цундела иза а воцуш тхо цӀа гӀахь,
Бахьана доцуш вежаршкара закъалташ ийдина ахьа, царна тӀера бедарш а яьхна, уьш беркъа а бохуш.
Кохьар хьовзош, болх беш йоллучу шина зудчух цхьаъ схьаоьцур ю, важа юьтур ю.
Цул тӀаьхьа Цо элира массаьрга а: «Варелаш! БӀаьрмециг ма хилалаш. Стеган дахар цуьнан хьолах лаьтташ дац шуна, иза мел дукха делахь а».
Нагахь санна, толам а баьккхина, шайна схьаяккхархьама, цхьа гӀала го бина аша дукха латтаяхь, оцу гӀалин дитташ, шуна баа стом лун дерш, ма дохаделаш. Дагарца ма хададелаш и дитташ. Аренгахь лаьтташ долу дитт адам ма дац, шу тӀелата дезаш долу.
«Нагахь санна цхьаммо зуда ялийна дукха хан яцахь, иза тӀаме ваха а ца веза, цхьа а хӀума цунна тӀедилла а ца деза. Иза цхьана шарахь паргӀат шен цӀахь вита, шен зудчун самукъа а доккхуш.
Нагахь санна шен къомах волу исраилхойн стаг цхьаммо лачкъа а вина, цунах лай а вина, иза воьхкинехь, иштта волу къу вен веза. Цу тайпана дӀадаккха шайна юкъара зулам.
Кхин цкъа а хезар дац хьуна чохь мерз-пондар лоькхучеран а, иллеш олучеран а аьзнаш, шедагаш а, маӀаш а локхучеран а аьзнаш. Цхьана а тайпана пхьераш кхин хир бац хьуна чохь. Болх беш хьийзаш йолчу кохьаран гӀовгӀа а хезар яц хьуна чохь.