Biblia Todo Logo
La Biblia Online

- Anuncios -




Карлабаьккхинарг 24:5 - Делан Йозанаш

5 «Нагахь санна цхьаммо зуда ялийна дукха хан яцахь, иза тӀаме ваха а ца веза, цхьа а хӀума цунна тӀедилла а ца деза. Иза цхьана шарахь паргӀат шен цӀахь вита, шен зудчун самукъа а доккхуш.

Ver Capítulo Copiar




Карлабаьккхинарг 24:5
12 Referencias Cruzadas  

Цундела стаг, шен дай-наний а дитина, шен зудчух кхетар ву. ТӀаккха цу шиннах цхьа дегӀ хир ду.


Декъала хуьлийла хьан хин хьоста. Хьо жима волчу хенахь айхьа ялийначу зудчуьнца зовкх хьоьгийла ахьа.


Стигална кӀел доккхучу хьайн кхетамбоцучу дахаран деношкахь Дала хьайна еллачу а, хьуна езачу а зудчуьнца хьо вахарх дезар эца. ХӀунда аьлча хьан дахарехь а, стигална кӀел ахь бечу балха тӀехь а иза хьуна Дала делла дакъа ду.


КхозлагӀчо аьлла: „Ас зуда ялийна, цундела вогӀийла дац сан“, – аьлла.


Динан вежарий! Аса хӀара боху шуьга: хан кӀезиг йисна, цундела хӀинца дуьйна зударий балийнарш а, шайн зударий боцуш санна хила беза.


Зудчуьнца захало а дийцина, иза схьаяло цакхиънарг а шен цӀа юхаверза. ХӀунда аьлча иза тӀамехь лахь, цуьнца захало дийцина йолу и зуда кхечу стага юьгур ю шена“.


Цхьаммо а кӀа ору лакхара я лахара болу хьеран тӀулг закъалтана схьаэца ца беза, хӀунда аьлча ишттадерг дечо закъалтана стеган са схьаоьцу.


Síguenos en:

Anuncios


Anuncios