2 И зуда, цуьнан цӀенна тӀера дӀа а яхана, кхечуьнга маре яха мегар ду.
Цара я йисина йолу зуда а, я марера цӀа еана йолу зуда а шайна маре яло ца еза. Амма Исраилан халкъах йолу йоӀстаг я динан дех йисинарг яло магош ду царна.
Йисина йолу я йитина йолу, я сийсазйина йолу, я нахаца лелаш йолу зуда яло мегар дац цо, динан дас шена ялориг шен халкъана юкъара йолу йоӀстаг хила еза,
Нахаца леларг а, шен сий дайина ерг а, майрачо дӀатесна ерг а яло мегар дац цара, хӀунда аьлча уьш шайн Далла хьалха цӀена бу.
Бераш а доцуш, йисна я йитина Ӏаш йолчу динан ден йоӀа, шен хӀусаме юхаеача, даа мегар ду шен ден бепиг, ша жима йолчу хенахь санна. Ткъа хийрачо цхьаммо а иза даа мегар дац.
Ткъа нагахь маре яханчу цу йоӀан майрачо, шена дӀахезча, дуьхьало яхь, йоӀана тӀехь долу нигат а, дукха сихъелла шен сих цо делла дош а майрачо дохор ду, Везачу Эло цу йоӀана геч а дийр ду.
Ткъа Аса боху шуьга: зуда тешаме ца хиларца доьзна доцучу дӀасакъастаро, зуда нийса боцучу некъа тӀе тоьтту. И санна йолу зуда ялочо ямартло йо».
ТӀаккха Ӏийсас жоп делира: «Шен зуда а йитина, кхин зуда ялорг ямартло еш ву.
Нагахь Ӏийсах тешар доцург шен зудчух дӀакъаста лууш велахь, я иштта тешар доцу зуда майрачух дӀакъаста лууш елахь, уьш дӀакъастийта. ХӀунда аьлча я динан ваша а, я динан йиша а оцу гӀуллакхна дихкина дац. Везачу Эло вай вовшашца бертахь дахаре ма кхайкхина.
«Масала, цхьаъ, зуда а ялийна, цуьнан майра хилира, ткъа цул тӀаьхьа, цуьнца доьзна долу эхье хӀума а карийна, иза цунна ца езаелира. Цунах дӀасакъастарх лаьцна йозанца тоьшалла а дина, иза цуьнга дӀа а делла, цо и зуда шен цӀенна тӀера дӀайохуьйту.
Амма, масала, иза шолгӀачу майрачунна а еза ца еллехь, цуьнца дӀасакъастарх лаьцна йозанца тоьшалла а дина, цуьнга дӀа а делла, и зуда шен цӀа чуьра арахоьцу. Я, масала, и шолгӀа майра дӀакхалха мега.