Biblia Todo Logo
La Biblia Online

- Anuncios -




Карлабаьккхинарг 24:19 - Делан Йозанаш

19 Шун кха тӀехь ялта чудерзош шуна цхьа цӀов бицлахь, иза схьаэца юха ма дерзалаш. Иза тӀевеанчунна а, бона а, йисинчу зудчунна а бита, аша мел деш долчу гӀуллакхаш тӀехь шайн Везачу Деле шаьш декъалдайтархьама.

Ver Capítulo Copiar




Карлабаьккхинарг 24:19
23 Referencias Cruzadas  

Везачу Эло цуьнан дӀаяьллачу заманал а чӀогӀа декъалдира цуьнан дисна дахар. ХӀинца цуьнан бейтта эзар уьстагӀ а, газа а яра, ялх эзар эмкал а яра, цхьа эзар шуьста а бара, иштта цхьа эзар виркхела а яра.


Бер ца хуьлуш йолчу зудчуьнан тидам бо Цо цуьнан хӀусамехь, шен берех йоккхаеш йолу зуда Цо цунах йо. Везачу Элана бу хастам!


Шена уллорачух ца вешачо къа латадо, ткъа къечаьрца къинхетаме верг декъала ву.


Мискачунна дина дика Везачу Элана делла духалург ду, ткъа Везачу Эло иза цунна юхадерзор ду.


Ткъа хьаналчо ойла а хьаналниг йо, дерриге а цӀена долчунна тӀехь лаьтта иза.


Шайн лаьтта тӀехь ялта хьокхучу хенахь кхан йистошка кхаччалц ма хьакха иза, ткъа охьаэгна кенаш схьа ма лехьаде. Къечарна а, тӀебаьхкинчарна а дита уьш. Со шун Веза Дела ву».


Амма аш кхечу тайпана дан деза: шайн мостагӀий беза, диканиг де, духалург ло, схьадаларе а ца хьоьжуш, тӀаккха шуна лун йолу ял еза хир ю: шу Веза Воккхачун бераш хир ду, хӀунда аьлча Дела Ша а къинхетаме ву вочу а, шайна динчу диканна хама ца бечу а нахаца.


Нахана оьшург дӀало, Дала шуна а лур ду шуна оьшург. Ластийча, дуьзна тӀехула оьхучу сахь чохь лур ду шуна догӀург. Аша нехан ма-хаддора, Дала шун а хадор бу мах».


ТӀаккха левихой а (церан долахь, шун санна, лаьттан дакъа ца хиларна), тӀебаьхкина нах а, бай а, бисина зударий а схьабахкийта, оцу уьтталгӀачу дакъойх цаьрга даийта а, бузийта а, шун куьйгаша деш долчу муьлххачу а гӀуллакхашна тӀехь шун Везачу Деле шу декъалдайтархьама».


ПаргӀат юхалург ло цунна, шайн дегнаш чохь яппарш а ца еш. Аш иштта делча, шун Везачу Дала шун массо а гӀуллакхашна тӀехь а, шун куьйгаша мел дечунна тӀехь а шу декъалдийр ду.


Дагахь латтаде Мисар-махкахь шаьш леш хилла лелар, ткъа шун Везачу Дала шу цигара паргӀатдаьхна хилар. Цундела тӀедуьллу ас хӀара кхочушдар.


Цул тӀаьхьа шун Везачу Далла хьалха иштта ала: „Хьуна дӀакъастийна мел долу хӀума сайн цӀенна тӀера схьа а эцна, иза левихочунна а, тӀевеанчунна а, бона а, йисинчу зудчунна а дӀаделла ас, Ахь суна тӀедехкинчу Хьан дерриге а весеташа ма-бохху. Ас Хьан весеташ талха а ца дина, ас уьш диц а ца дина.


«ЦӀевнаш тӀера а дахийта цуьнга кенаш, чеха а ма е иза» – аьлла, буьйр дира цо.


Муабахочо Рутис элира НуӀмате: «Со кха тӀе гӀур ю, дисина мекхан кенаш лехьо. Со декъала йийр йоллучун декъа тӀехь лехьор ду ас кенаш». НуӀмата жоп делира: «Дика ду, сан йоӀ».


Síguenos en:

Anuncios


Anuncios