Biblia Todo Logo
La Biblia Online

- Anuncios -




Карлабаьккхинарг 24:16 - Делан Йозанаш

16 Берашкара даьлларг бахьана долуш дай ма байа, бераш а ма дайа дайшкара даьлларг бахьана долуш. Ӏожаллин таӀзар догӀу зулам далийтина хӀорра а, ша далийтина и зулам бахьана долуш бен, вен ца веза.

Ver Capítulo Copiar




Карлабаьккхинарг 24:16
8 Referencias Cruzadas  

Амма Мусан тептар долчу товрат-хьехамашна тӀехь яздинчуьнга хьаьжжина, церан бераш ца дайира Амци-ЯхӀус, хӀунда аьлча цигахь Везачу Эло, весет а деш, аьллера: «Бераша далийтина зулам бахьанехь церан дайша валаран таӀзар такха ца деза. Иштта шайн дайша далийтина зулам бахьанехь бераша а валаран таӀзар такха ца деза. Амма хӀораммо а, даьлла зулам бахьана долуш, валаран таӀзар ша такха деза».


Къинош летийнарг лийр ву, ткъа кӀантана, шен дас лелийнарг бахьана долуш, таӀзар дийр дац, шен кӀанта летийначу къиношна дена а дийр дац таӀзар. Делан лаамехь волчун дика цунна бен ца догӀу, вониг лелочун вон цунна бен догӀуш ца хиларе терра.


Дерриг а адамийн дахар Сан карахь ду – ден я кӀентан дахар Суна бен а дац. Къинош летош верг ву лийр верг.


Паччахьо омра дира, Даниал бехке вина болу и нах а, церан бераш а, церан зударий а, схьа а балабай, ор чу кхийса аьлла. Орана буха а кхачале, лоьмашна карабахара уьш. ТӀаккха цара, даьӀахкаш а кегъеш, хӀаллакбира уьш.


Ткъа Кхорахьан тӀаьхье дийна йисира.


Паччахьо элира: «Ахьи-Малик, хьо вала веза. Хьо а, хьан массо а гергарнаш а!»


Síguenos en:

Anuncios


Anuncios