13 Цо закъалтана елларг малх чубузале юхало, шайн бедарш тӀехь а йолуш дӀадийшинчохь цуьнга шаьш декъалдайтархьама. Шун Везачу Дала иза бакъахьара лелар лорур ду.
Ибрам тийшира Везачу Элах, цундела Цо иза Шена хьалха бакъвина лерира.
Бер ца хуьлуш йолчу зудчуьнан тидам бо Цо цуьнан хӀусамехь, шен берех йоккхаеш йолу зуда Цо цунах йо. Везачу Элана бу хастам!
Нагахь Сан халкъана юкъара къечу стаге духалург айхьа ахча деллехь, духалург ахча луш болу вуьш санна ма хила цуьнца – ял а ма яккха цуьнгара ахчанна тӀе.
ТӀаккха хьан серло, сахуьлучу хенахь санна, гучуер ю, хьан товалар сихха хир ду, хьан нийсо хьуна хьалхаяьлла дӀагӀур ю, Везачу Элан сийлалла а тӀаьхьадогӀур ду хьуна.
я къечунна гӀело еш, цуьнгара хӀума цо схьаяккхахь, я декхар оьцуш закъалтана елла хӀума дӀа ца лахь, иза цӀушна Ӏамал еш лелахь, иштта кхидолу дегаза хӀуманаш цо леладахь,
адамашна цо гӀело а ца яхь, иштта ша юхалург деллачу ахчанна закъалтана делларг дӀа а лахь, цо къола а ца дахь, мецачунна яа хӀума а лахь, тӀехь хӀума йоцуш висинчунна тӀеюха хӀума а цо лахь,
Цо адамашна гӀело а ца йо, шегара декхар эцначунна цо закъалтана елла хӀума а дӀало. Цо къола а ца до, мецачунна яа хӀума а ло, тӀехь хӀума йоцуш висинчунна тӀеюха хӀума а ло.
Цо ша юхалург ахча лучу хенахь закъалтана эцнарг а дӀалахь, ша хьалха лачкъийнарг а юхалахь, дахар луш долчу парзашца а лелахь, зулам а ца деш, и стаг вехар ву, лийр а вац.
„ХӀара яц ткъа аса олалла дечу хенахь сайн цӀе яккхийтархьама, сайн нуьцкъаллица сан пачхьалкхан цӀа хилийта йина йолу Бавел-гӀала!“
Закъалт а делла, схьаэцна йолу бедарш тӀе а юхий, Ӏохку уьш сагӀанаш дохучу муьлххачу а меттехь. Шаьш гӀуда тоьхна болчу нахера схьаэцна долу чагӀар муьйлу цара шайн Делан цӀа чохь.
Шаьш дарделлачу хенахь къинош ма летаде. Малх дӀа ма бузийта, шаьш дарделлачохь а дуьсуш.
Нагахь санна иза къен стаг велахь, цо закъалтана елларг шен тӀехула юху бедар елахь, иза шайгахь а йолуш, дӀа ма дийшалаш.
Цунна дӀабала беза мах цо болх бинчу дийнахь малх чубузале дӀало. Иза къен волу дела, и ахча цунна оьшуш ду вахархьама. Иза де, цуьнга Везачу Эле Ӏаткъам а байтина, шайх къа ца хьарчийтархьама.
Нагахь санна вайн Везачу Далла хьалха, и дерриг а весеташ, Цо вайна тӀе-ма-диллара, леррина кхочуш а деш, вай лелахь, иза Далла тамехь хир ду“».
Да волчу Далла хьалха цӀена а, бехдалаза а суьпалла иштта ду: байшна а, бисина Ӏачу зударшна а гӀо дар а, дуьнен чохь долчу вочуьнга ша бех ца вайтар а.