11 Шу арахь совца, ткъа шуьгара юхалург хӀума яьхьначуьнга закъалтана шуьга луш ерг шега араяккхийта.
ТӀехь хӀума доцуш дӀабуьйшу уьш, шийлачу заманахь тӀеюха хӀума а яц церан.
Нагахь санна шух цхьаммо шен уллорачунна юхалург цхьа хӀума еллехь, цуьнан цӀа чу ма гӀо, цуьнгара закъалт схьаэцархьама.
Нагахь санна иза къен стаг велахь, цо закъалтана елларг шен тӀехула юху бедар елахь, иза шайгахь а йолуш, дӀа ма дийшалаш.