Biblia Todo Logo
La Biblia Online

- Anuncios -




Карлабаьккхинарг 23:9 - Делан Йозанаш

9 «Шайн мостагӀашна тӀе тӀамца шаьш дахча, Далла хьалха цӀена мел доцучух ларлолаш.

Ver Capítulo Copiar




Карлабаьккхинарг 23:9
11 Referencias Cruzadas  

ЯхӀушапти Ярушалаймехь Ӏаш вара. Юха а, Беар-ШабаӀ-гӀалара дуьйна Эпрайм-лома тӀекхаччалц дӀа а вахана, шен халкъана тӀе а воьдуш, уьш церан дайн Дела волчу Везачу Элана тӀеберзорна кхайкхам бора цо.


Иштта гӀуллакх дира Хьузакх-ЯхӀус берриге а ЯхӀуд-махкахь. Шен Везачу Далла хьалха диканиг а, нийсо ерг а, тешаме дерг а леладора Хьузакх-ЯхӀус.


Везачу Элана тӀаьхьахӀоьттина волчу кхечу къоман стага ма олийла: «Везачу Эло со билггал Шен халкъах дӀакъастор ву». ВаьӀна волчо а ма олийла: «Со дакъаделла дитт бен дац».


ТӀемалоша хаьттира цуьнга: «Оха хӀун дан деза?» Яхьъяс жоп делира: «Нуьцкъах нахера хӀуманаш схьа ма яха, бехке воцург бехке ма ве, шайн алапах тоам бе».


Нагахь санна, буьйсанна хилларг бахьана долуш, шу долчохь цхьаъ цӀена вацахь, иза меттаматтана чуьра аравала а веза, меттаматтана чу юхаван а ца веза.


Дуьнен чу девр долчу церан кхоалгӀачу тӀаьхьенан берийн йиш ю Везачу Элан гуламе даха».


Дерриг а дети а, деши а, цӀестан а, аьчка а пхьегӀаш а дӀакъастае Везачу Элана. Уьш Цуьнан хазни чохь хир ю».


ТӀаккха Исраилан эскарара дерриг а халкъ, Бетала а деана, дилхира. Цу дийнахь суьйре тӀекхаччалц яа хӀума ца йиира цара. Дийнаташ дагоран сагӀанаш а, бертан сагӀанаш а дохура цара Везачу Элана хьалха.


Síguenos en:

Anuncios


Anuncios