Biblia Todo Logo
La Biblia Online

- Anuncios -




Карлабаьккхинарг 23:6 - Делан Йозанаш

6 Шайн къам мел хир ду, уьш маьрша хилийта а, церан беркате дахар хилийта а хӀумма а ма делаш.

Ver Capítulo Copiar




Карлабаьккхинарг 23:6
9 Referencias Cruzadas  

Дауда, Рабба-гӀалахь мел болу бахархой ара а баьхна, уьш херхашца, аьчка отургашца, дагаршца болх бан дӀахӀиттийра. Ткъа иштта кибарчигаш а йоттура цара. Цо массо а Ӏамминхойн гӀаланашкахь и тайпа белхаш дӀахӀиттийра. Цул тӀаьхьа Дауд а, цуьнан эскар а Ярушалайме юхадирзира.


Тахана сан бала Везачу Элана дӀагича, таханлерчу сардамийн метта Цо суна декъалдар юхадала а мега».


Дауда иштта муабахой а эшийра. Уьш лаьтта тӀе охьа а бахкийтина, цхьана муьшаца церан барам билгалбаккхийтира цо. Шина муьшан барамехь берш байина дӀабехира, ткъа кхозлагӀчу муьшан барамехь берш дийна битира. Иштта, муабахой Даудан лай хилла дӀахӀиттира, кхунна ял а луш.


Цундела шайн кӀенташка церан зудабераш маре ма даладайта, шайн зудабераш цаьрга маре дӀа а ма дигийта. Цу нахах дӀа ма кхета! Машар я диканиг цаьрца цкъа а ма леха. Шу иштта лелахь, онда хир ду шу, лаьтто кхиийна мел дерг аша дуур ду, хӀара латта гуттаренна шун берийн дола долуьйтур ду“.


„ХӀара яц ткъа аса олалла дечу хенахь сайн цӀе яккхийтархьама, сайн нуьцкъаллица сан пачхьалкхан цӀа хилийта йина йолу Бавел-гӀала!“


Сан халкъ! Дагадаийтахьа Муаби-мехкан паччахьо Балакха дагалаьцнарг. Цуьнга хӀун жоп делира БеӀаран кӀант волчу БалиӀама? ХӀун хуьлура Шитимера Галгале кхаччалц, Делан бакъдолу гӀуллакхаш хьуна довзийтархьама?»


ТӀаккха Балакх чӀогӀа дарвелира БалиӀамна. Шен куьйгаш вовшах а тухуш, цо БалиӀаме элира: «Аса сайн мостагӀашна неӀалт хьажо схьавалийнера хьо, ткъа ахьа хӀинца кхозлагӀа а уьш декъалбеш бу.


Везачу Элана хьо деза дела а, Цо шун дайшна делла ваӀда лардо дела а хаьржина дара. И бахьана долуш Везачу Эло хьо, ондачу куьйгаца лоллин цӀа чуьра ара а даьккхина, Мисар-мехкан паччахь волчу пирӀунан карара паргӀатдаьккхина.


Síguenos en:

Anuncios


Anuncios