Biblia Todo Logo
La Biblia Online

- Anuncios -




Карлабаьккхинарг 23:4 - Делан Йозанаш

4 ХӀунда аьлча шу Мисар-махкара схьадогӀучу хенахь уьш баьпкаца а, хица а дуьхьал ца баьхкинера шуна. Цара Арам-НахӀараймерачу Патур-гӀалара БеӀаран кӀант волу БалиӀам лаьцна дуьхьал а валийнера, шуна неӀалт кхайкхадайтархьама.

Ver Capítulo Copiar




Карлабаьккхинарг 23:4
19 Referencias Cruzadas  

Изабала Везачу Элан пайхамараш хӀаллакбечу хенахь, Ӏабди-ЯхӀус цхьа бӀе пайхамар схьагулвира. ТӀаккха, уьш, шина декъе а бекъна, шина хьехана чохь къайлабехира. Цу чохь Ӏабди-ЯхӀус юург а, мала хи а латтадора царна.)


И хӀума чекхдаьллачул тӀаьхьа со волчу Исраилан куьйгалхой баьхкира. Цара элира: «Исраилан халкъана гонах канаӀанхой а, хьетахой а, перезахой а, явсайхой а, Ӏамминхой а, муабахой а, мисархой а, эмархой а Ӏаш бу. Оцу къаьмнаша Далла хьалха дегаза гӀуллакхаш леладо. Ткъа Исраилан халкъ, иштта динан дай а, левихой а, дӀа ца къаьстира оцу къаьмнех а, цара лелочух а.


Иза иштта хилла, хӀунда аьлча уьш Исраилан халкъана баьпкаца а, хица а дуьхьал ца баьхкинера. Цара БалиӀам шайгахьа ваьккхина, цуьнга исраилхошна неӀалт кхайкхадайта. Амма вайн Дала, и неӀалт царна тӀера дӀа а даьккхина, цунах декъалдар хилийтира.


Цара мел хьегначу баланашкахь, Цо а бала хьегна. Цуьнан уллорачу малико кӀелхьарбаьхна уьш. Шен безамца а, къинхетамца а Цо паргӀатбаьхна уьш. Цо, схьа а эцна, дерриге а ширачу заманашкахь лелийна уьш.


Ӏамминан къомах лаьцна Везачу Эло иштта боху: «Бераш дац ткъа Исраилан халкъан? Цуьнан долахь дерг кхочун верг вац ткъа? ТӀаккха МилкӀом-харцделан къомо гадахойн мохк хӀунда дӀалаьцна? Оцу къоман нах гадахойн гӀаланашкахь хӀунда бу Ӏаш?


К уьг цунна тӀе ма кховдийна буьрсачу мостагӀчо, Ярушалайман халкъан мехала мел йолчу хӀуманна тӀе. Хьан деза долчу цӀа чу боьлхуш го цунна кхечу къаьмнех берш. Царах лаьцна Ахь омра ма дина, Хьайн гуламан метте ма дуьйла аьлла.


Хьалдолчу Эло боху: ‘Цхьа а сунтваза волу а, дог хедоза аьрха волу а хийра стаг Сан цӀа чу ван ца веза, иза Исраилан халкъана юкъахь вехаш велахь а.


Шен сийлаллица со вахийтинчул тӀаьхьа, массо а ницкъийн Везачу Эло иштта боху Шен халкъана талораш динчу халкъашка: «Сан халкъах дӀа мел хьакхавелларг уггар беза болчу Сан йоӀбӀаьргах дӀахьакхавелла.


Аса, хьоьга болчу ларамна, хьуна совгӀат дийр дара, ахьа сайга аьлларг хӀуъа а кхочушдийр дара. Схьа а волий, цу халкъана неӀалт кхайкхадехьа“».


Делера болу хӀара хаам бира БалиӀама: «Балакха со Арам-махкара схьавалийра, муабахойн паччахьо со малхбалехь болчу лаьмнашкара схьакхайкхира, „Схьа а волий, неӀалт кхайкхадехьа Якъубан тӀаьхьенна, сардам боллахьа Исраилан халкъана!“ – аьлла.


Паччахьо цаьрга эр ду: „Аса баккъалла а боху шуьга: гӀо оьшучохь хӀокху Сан вежаршна, царах уггар ледара волчунна а, аша мел динарг Сан дуьхьа дина ду шуна“.


Шаул лаьтта охьавоьжча, цунна аз хезира. Цо кхуьнга бохура: «Маржа Шаул яӀ! Соьга бала хӀунда хьоьгуьйту ахь?»


Муабахойн паччахь, Ципуран кӀант Балакх, гӀаьттира тӀамца исраилхошна дуьхьал. Цо БеӀаран кӀант БалиӀам валавайтира, цуьнга шуна неӀалт кхайкхадайта.


Нийса некъ дӀатесна, тилабелла болу уьш, харц кхоэ сатуьйсуш висинчу БеӀаран кӀентан БалиӀаман новкъа бевлла.


Къа ду церан, хӀунда аьлча Кхаиман новкъахула боьлхура уьш, БалиӀам санна, кхаьънашка марзбелира уьш, Кхорахь санна, гӀевттира уьш, ткъа иза санна, хӀаллак а хир бу уьш.


УьстагӀий лоргуш болчарна аса кечдина долу бепиг а, хи а, жижиг а дӀадала деза те аса сайна мичара бевлла а ца хууш болчу нахана?!»


Síguenos en:

Anuncios


Anuncios