Biblia Todo Logo
La Biblia Online

- Anuncios -




Карлабаьккхинарг 23:3 - Делан Йозанаш

3 Ӏамминхойн а, муабахойн а йиш яц Везачу Элан гуламе баха. Ур-атталла церан уьтталгӀачу тӀаьхьенан а йиш яц цига баха.

Ver Capítulo Copiar




Карлабаьккхинарг 23:3
11 Referencias Cruzadas  

Цу деношкахь суна иштта гира, яхӀудхоша шайна ашдодхойх а, Ӏамминхойх а, муабахойх а болу зударий балийна хилар.


Санбулатаца цхьаьна волчу Ӏамминхочо ТӀуби-ЯхӀус элира: «Жуьгташа меттахӀоттош ерг хӀун ю? Жима цхьогал тӀедаьлча а, бухур болуш ма бу церан пен».


Санбулат, ТӀуби-ЯхӀу, Ӏаьрбихой, Ӏамминхой, ашдодхой чӀогӀа оьгӀазбахара Ярушалаймехь гулбелла болчу нахана, гӀалина гонахара болу пен то а беш, цу пенах даьхна долу Ӏуьргаш дӀа а дукъуш, уьш болх беш бу аьлла шайна дӀахезча.


Везачу Элана тӀаьхьахӀоьттина волчу кхечу къоман стага ма олийла: «Везачу Эло со билггал Шен халкъах дӀакъастор ву». ВаьӀна волчо а ма олийла: «Со дакъаделла дитт бен дац».


Ӏамминан къомах лаьцна Везачу Эло иштта боху: «Бераш дац ткъа Исраилан халкъан? Цуьнан долахь дерг кхочун верг вац ткъа? ТӀаккха МилкӀом-харцделан къомо гадахойн мохк хӀунда дӀалаьцна? Оцу къоман нах гадахойн гӀаланашкахь хӀунда бу Ӏаш?


К уьг цунна тӀе ма кховдийна буьрсачу мостагӀчо, Ярушалайман халкъан мехала мел йолчу хӀуманна тӀе. Хьан деза долчу цӀа чу боьлхуш го цунна кхечу къаьмнех берш. Царах лаьцна Ахь омра ма дина, Хьайн гуламан метте ма дуьйла аьлла.


«Шуна хезна хьалха аьлла хилларг: „Хьайн уллораниг веза, мостагӀчуьнца гома а хила“.


КъотӀалгӀавиначун а йиш яц Везачу Элан гуламе ваха. Ур-атталла цуьнан уьтталгӀачу тӀаьхьенан а йиш яц цига ваха.


«Йиш яц сан и сайна йига, сайн дакъа декъна ца хилийтархьама. Сан йиш йоцу дела, ахь тӀеэцахь иза», – элира гергарчо.


Síguenos en:

Anuncios


Anuncios