Biblia Todo Logo
La Biblia Online

- Anuncios -




Карлабаьккхинарг 23:22 - Делан Йозанаш

22 Нагахь санна аша чӀагӀо ца йинехь, шуна тӀехь къа хир дац.

Ver Capítulo Copiar




Карлабаьккхинарг 23:22
8 Referencias Cruzadas  

Нагахь санна аша шайн Везачу Далла хьалха, чӀагӀо а еш, дош деллехь, иза сихха кхочушде, хӀунда аьлча шун Везачу Дала шуьгара жоп доьхур ду, ткъа шуна тӀехь къа дуьсур ду.


Шайн баганца шаьш шайн лаамца чӀагӀо йинехь, иза леррина кхочушде, шайн Везачу Далла шаьш чӀагӀо йина дела.


«ДӀаала исраилхошка: „Нагахь ахь, стагах мах а луш, Везачу Элана и стаг лерина хилийта нигат дахь,


Амма исраилхоша хӀаллак ца беш битира цигара нах, шайн тхьамданаша исраилхойн Везачу Делан цӀарах царна чӀагӀо йина дела. И хӀума бахьана долуш, шайн тхьамданашна хамталлаш еш бара исраилхой.


Ахь кӀелхьарваккхарна долу хазахетар юхалохьа суна, Хьуна муьтӀахь хила лууш долчу Синехь чӀагӀвехьа со.


Нагахь санна сихвеллачохь стага Везачу Элана цхьа хӀума дӀаяла чӀагӀо яхь, амма цунах лаьцна тӀаьхьо бен ойла ца яхь, иза цунна гур санна ю.


Хьайн бете хьайх къинош ма летадайта. Делан динан дега: «Айса динчу ваӀданна тӀехь со галвелира» – ала дезарх ларло. Хьайн куьйгаша дина гӀуллакхаш Деле хӀаллак ца дайтархьама, Далла хьалха айхьа дечу хьайн къамелашца Дела хьайна оьгӀаз ма вахийта.


Síguenos en:

Anuncios


Anuncios