Biblia Todo Logo
La Biblia Online

- Anuncios -




Карлабаьккхинарг 23:21 - Делан Йозанаш

21 Нагахь санна аша шайн Везачу Далла хьалха, чӀагӀо а еш, дош деллехь, иза сихха кхочушде, хӀунда аьлча шун Везачу Дала шуьгара жоп доьхур ду, ткъа шуна тӀехь къа дуьсур ду.

Ver Capítulo Copiar




Карлабаьккхинарг 23:21
24 Referencias Cruzadas  

Ткъа ас элира: «ХӀара бу сан бала: Веза Воккха Дела тхан дуьхьа кхин цалелар».


Далла дина ваӀда такхархьама, цӀуйн дуьхьа нахаца лелачу зудчун я цӀуйн дуьхьа нахаца лелачу стеган алапа шун Везачу Делан цӀа чу ма далаш, хӀунда аьлча уьш ший а шун Везачу Далла дегаза хета.


«Вайн дайшкара дуьйна аьлла ду: „Айхьа Везачу Элана биина болу дуй ма къарбе, иза кхочушбан хьажа“.


Ӏаламат чӀогӀа кхерабелира нах Везачу Элах. Цара сагӀа а даьккхира, нигаташ а дира.


Стигалел лакха хьалаволийла Хьо, Дела, дерриг а лаьтта тӀехь Хьан сийлалла лаьттийла!


Цо дуй биира: «Нагахь Дела соьца хир велахь, со дӀа а, схьа а вогӀучу новкъахь Ӏалаш а веш, нагахь Цо суна даар а, духар а лахь,


Хьажал, хаза кхаъ бахьаш волчу а, машар дӀакхайкхош волчу а геланчин когаш лаьмнашкахула схьабогӀу! ЯхӀудан къам, хьайн деза денош дазде, хьайн ваӀданаш а кхочушде. ХӀинца чул тӀаьхьа Ӏесанаш хьан махка кхин чугӀертар бац, уьш кхоччуш хӀаллакбина дела.


Эрна а, харц а деланаш лоруш берш шаьш даим дезаш волчу Делах дӀакъаьстина.


Нагахь санна аша чӀагӀо ца йинехь, шуна тӀехь къа хир дац.


ЯхӀунатас Даудан цӀенца барт беш элира: «Везачу Эло кхел йойла Даудан мостагӀашна!»


Ахьа доӀа дича, Цунна дӀахезар ду, тӀаккха кхочушдийр ду ахьа хьайн нигаташ.


Ахь кӀелхьарваккхарна долу хазахетар юхалохьа суна, Хьуна муьтӀахь хила лууш долчу Синехь чӀагӀвехьа со.


Сан кӀелхьарвалар Делах дозуш ду, сан сий а Цунах дозуш ду. Сан нуьцкъала тарх а Иза ю, суна дӀалачкъа меттиг а Иза ю.


ОьгӀазваханчу Аса туьраца дойур ду шу, тӀаккха шун зударий бисина Ӏаш хир бу, шун бераш а байлахь дуьсур ду.


ТӀаккха левихой а (церан долахь, шун санна, лаьттан дакъа ца хиларна), тӀебаьхкина нах а, бай а, бисина зударий а схьабахкийта, оцу уьтталгӀачу дакъойх цаьрга даийта а, бузийта а, шун куьйгаша деш долчу муьлххачу а гӀуллакхашна тӀехь шун Везачу Деле шу декъалдайтархьама».


Кхечу махкара волчуьнгара декхар схьадаккха, ткъа шайн къомах волчо шуна дӀадала дезаш долу декхар схьа ца доккхуш дита.


Суна кхочу дакъа а, сан хинболу кхоллам а, Веза Эла, Хьо ву. Сан бала беза кхаж а Хьан карахь бу.


Цо, тӀера ял а йоккхуш, юхалург ахча а ца ло, ша вониг лелорах лар а во, къовсамашкахь нийсонца кхел а йо.


Síguenos en:

Anuncios


Anuncios