Biblia Todo Logo
La Biblia Online

- Anuncios -




Карлабаьккхинарг 23:16 - Делан Йозанаш

16 Шайн гӀаланашкахь цо схьахаьржинчу, цунна хазделлачу цӀа чохь шайна юкъахь вахийта иза. Цунна гӀело ма е.

Ver Capítulo Copiar




Карлабаьккхинарг 23:16
10 Referencias Cruzadas  

ТӀевеана стаг ваца а ма ве, цунна ницкъ а ма бе, хӀунда аьлча шу а дара Мисар-махкахь тӀедаьхкина Ӏаш.


ТӀевеанчу стагана ницкъ ма бе. Шуна евза тӀевеанчун дог-ойла, хӀунда аьлча шу а Ӏийна тӀедаьхкина Мисар-махкахь».


Къечуьнгара иза атта хетарна хӀума схьа а ма яккха, кхел ечу меттехь декъазачунна гӀело а ма е.


тӀебаьхкина болчу нахана гӀело а ца еш, байшна а, бисина Ӏаш болчу зударшна а гӀело а ца еш, бехк боцучеран цӀий а ца Ӏанош, шайна бала бахьар болчу харцделанашна тӀаьхьа а ца хӀуьттуш шу лелахь,


Йисинчу зудчунна а, бо берана а, тӀевеанчунна а, мискачунна а гӀело ма елаш. Шайн даг чу вовшашна дуьхьал зулам дар дага ма тасийталаш“.


«Со шуна гергакхочур ву кхел ян. Аса сихха тоьшалла дийр ду бозбунчашна а, кхечуьнца лелачарна а, харц дуйнаш кхуллучарна а, тӀелаьцначу белхалочунна йогӀу ял дӀалуш боцучарна а, йисинчу зудчунна а, бо берана а гӀело ечарна а, тӀевеанарг дӀатоьттуш болчарна а, Соьга ларамах буьзна боцучарна а дуьхьал», – боху массо а ницкъийн Везачу Эло.


Ткъа аша къениг дӀатеттина. Хьалдолу нах бац шуна ницкъ беш берш, уьш бац шу кхеле ийзош берш?


Síguenos en:

Anuncios


Anuncios