Biblia Todo Logo
La Biblia Online

- Anuncios -




Карлабаьккхинарг 23:15 - Делан Йозанаш

15 «Ша ларвайтархьама, шу долчу шен олахочух ведда волу цхьа лай вагӀахь, иза олахочунна дӀа ма ло.

Ver Capítulo Copiar




Карлабаьккхинарг 23:15
10 Referencias Cruzadas  

Мохь хьоькхуш доккхаде, Цийонан халкъ, хӀунда аьлча Исраилан Везаниг хьуна юкъахь сийлахь ву».


Цигахь Сийлахь волу Веза Эла вайна шуьйра хиш а, Ӏовраш а санна хир ву. МостагӀийн пийсакашца лелош долу а, четарца лелош долу а хинкеманаш чудогӀур дац цига.


Шуна юкъахь лелаш, шун Дела хир ву Со, ткъа шу Сан халкъ хир ду.


Шу некъаш галморзаха довлучу меттехь латта ца дезара цуьнан бевддарш хӀаллакбархьама, дийна биснарш дӀабала а ца безара аша оцу баланечу дийнахь.


Вонашка хьежа тӀех цӀена бу Хьан бӀаьргаш. Зуламашка хьоьжуш Хьо Ӏалур ма вац! Тешнабехк лелораш хӀунда лов Ахь? Шайл бакъахьаранаш Ӏесачара дӀакхаллар вист ца хуьлуш хӀунда лов те Ахь?


Шун Веза Дела шуна юкъахь ву, Иза шу кӀелхьардоху тӀемало ву. Шух сакъералуш воккхавер ву Иза, Шен безамца шу карладохур ду Цо, шух воккха а веш, йиш локхур ю Цо».


Иштта цӀена боцурш – божарий я зударий уьш белахь а – меттаматтана юьстах арабаха, Со шуна юкъахь Ӏаш волу шайн меттамотт цаьрга бех ца байтархьама».


Шайн гӀаланашкахь цо схьахаьржинчу, цунна хазделлачу цӀа чохь шайна юкъахь вахийта иза. Цунна гӀело ма е.


Дауда цуьнга элира: «ДӀавуьгур вуй ахьа со мостагӀийн цӀоз долчу?» Цо элира: «Делах дуй баа суна, ахьа со вуьйр вац аьлла а, со сан олахочун кара дӀалур вац аьлла а. ТӀаккха аса хьо мостагӀийн цӀазана тӀе вуьгур ву».


Síguenos en:

Anuncios


Anuncios