11 Суьйре тӀееача, цо шен дегӀ хица дила деза. Цул тӀаьхьа, малх дӀабуьзча, иза меттаматтана чу схьаван мегар ду.
эдомхочо ДуагӀа, Дауд Ахьи-Маликан цӀийне веана аьлла, Шауле мотт тоьхначул тӀаьхьа аьлла йолу.
Дала, хӀаллаквина, дӀавоккхур ву хьо, цӀа чуьра аракхуссур ву, дийначийн лаьтта тӀера хьан орам а дӀабоккхур бу.
Ас шуна тӀе цӀена хин цинцаш деттар ду, тӀаккха шайн мел йолчу боьхаллех цӀан а лур ду шу. Шун массо а цӀуйх Аса цӀандийр ду шу.
Церан чарх схьаэцнарг шен бедарш йитта декхарийлахь ву, иза сарралц Далла хьалха боьха хир ву.
ВорхӀалгӀачу дийнахь ерриг а шен месаш дӀайошур ю цо: корта а, маж а, цӀоцкъамаш а, ерриг а кхийолу месаш а. Хица бедарш а йиттина, лийчинчул тӀаьхьа Далла хьалха цӀена хир ву иза.
ДегӀах тӀуналла схьайолург, куьйгаш дилина а доцуш, цхьаннах дӀахьакхалахь, иза шех хьакхавелларг, шен бедарш а йиттина, лийча веза. Сарралц цӀена хир вац иза.
ДегӀах схьакъаьсташ йолу тӀуналла сецча, ворхӀ дийнахь Ӏан веза и стаг, Далла хьалха цӀена хилархьама. Цул тӀаьхьа, шен бедарш а йиттина, шовданан хица шен дегӀ дила деза цо, тӀаккха иза цӀена хир ву.
Нагахь стагах боьршачу нехан хуьлу тӀуналла схьакъастахь, цо хица дерриг а шен дегӀ дила деза. Сарралц цӀена хир вац иза.
Иза дӀавуьжучу маттах дӀахьакхавелларг, шен бедарш а йиттина, хица лийча веза. Сарралц цӀена хир вац иза.
сарралц боьха хир ву. Цо деза сагӀа даа мегар дац, хица шен дегӀ диллалц.
Шу Далла тӀедирзина дела, Ас хих чекхдоху шу, амма сол тӀаьхьа ван везарг сол нуьцкъала ву. Со Цунна мачаш кхехьа а хьакъ вац. Цо шу Делан Синах а дузур ду, цӀарца а дахчор ду.
Нагахь санна, буьйсанна хилларг бахьана долуш, шу долчохь цхьаъ цӀена вацахь, иза меттаматтана чуьра аравала а веза, меттаматтана чу юхаван а ца веза.
Нишке даха меттиг меттаматтана чохь а йоцуш, арахьа хила езаш ю.
ЦӀеначу дагаца, чӀогӀачу тешарца Далла гергахьа кхочийла вай, цинцаш тохарца вайн дегнаш бехк тӀелацарх цӀан а дина, вайн догӀмаш цӀеначу хица а дилина.
ХӀинца шу кӀелхьардохуш йолу хих чекхдовларан билгало ю иза. Хих чекхдовлар – иза тӀера мода дӀаяккхар дац, амма цӀеначу дагца Деле йина чӀагӀо ю. Дала леррина къобалвина Ӏийса денвалар бахьана долуш цу хих чекхдовларо шу кӀелхьардоху.
билггала бакъволу теш волчу а, дуьххьара беллачарна юкъара денвелла волчу а, лаьттарчу паччахьийн Олахо волчу а Дала леррина къобалвинчу Ӏийсагара а. Вай дукха а дезаш, вайн къинойх Шен цӀийца вай кӀелхьара а даьхна,