Карлабаьккхинарг 22:8 - Делан Йозанаш8 Нагахь санна керла цӀа дӀахӀоттор делахь, шайн шерачу тхевнна тӀехь керт дӀахӀоттае. Иза делаш нагахь оцу тхевнна тӀера цхьаъ охьакхетахь, шайн цӀенна цӀий ца хьарчийтархьама. Ver Capítulo |
Нагахь санна бакъахьа леларг, шен нийсачу некъа тӀера а ваьлла, харцдерг лело волалахь, Аса цунна новкъарло а йийр ю, иза лийр а ву. Иза шен къинош бахьана долуш лийр ву, ахьа цуьнга дӀахьедар ца дина дела. Цо дина бакъахьара гӀуллакхаш Суна дагадогӀур дац, ткъа цуьнан цӀийх Ас хьоьга жоп доьхур ду.