7 КӀорнеш шайна схьаэцалаш, ткъа нана дӀахеца хьовсалаш, шуна дика хилийтархьама а, шун хан яхъялийтархьама а.
Кхечарал ша лахара а хеташ, Везачу Эле болчу ларамах стаг вуьзна велахь, цунна хьал а, сий а, дика дахар а хуьлуьйтур ду.
Аттана цо динчу эсаца, жийна цо бинчу Ӏахарца цхьана дийнахь урс ма хьакхалаш.
Нагахь санна керла цӀа дӀахӀоттор делахь, шайн шерачу тхевнна тӀехь керт дӀахӀоттае. Иза делаш нагахь оцу тхевнна тӀера цхьаъ охьакхетахь, шайн цӀенна цӀий ца хьарчийтархьама.
Ларделаш тахана ас шуна тӀедохкуш долу Цуьнан парзаш а, весеташ а, шайна а, шул тӀаьхьа хир долчу берашна а диканна хилийтархьама а, шун Везачу Дала шайна гуттаренна а луш долчу лаьтта тӀехь шу дуккха а дахкийтархьама а».
Шун Везачу Дала шайна тӀедехкинчу некъашца лелалаш, шайна дола дан лун долчу лаьтта тӀехь шаьш дийна хилийтархьама а, шуна дика хилийтархьама а, шаьш дуккха а дахийтархьама а».