4 Кхечу исраилхочун вир я сту охьабоьжна шайна гахь, и дийнат ма дита, цуьнца цхьаьна хьалагӀаттабе иза.
Ткъа Аса боху шуьга: шайн мостагӀий беза, хьайна зулам деш берш Деле беха –
Тешар тӀехь чӀагӀделлачу вай чӀагӀбелла боцучарна гӀо дан деза, ваьшна тамехь дерг дина а ца Ӏаш.
Лаа а лууш, сайн мел болу бахам а, ур-атталла со-со а дӀалур вара ас шун дуьхьа. Шуьга болу сан безам сов а болуш, соьга болу шун безам лагӀлур буй те?
Изза делаш кхечу исраилхочун вираца я бедаршца. Изза делаш цуьнан яйначу, ткъа шуна карийначу муьлххачу а хӀуманца. Оцу тӀера шун дӀадовлийла дац.
Зударшна тӀехь божарийн духар хила ца деза, божарша а духа ца деза зударийн духар, хӀунда аьлча иштта дерг деш волу муьлхха а стаг шун Везачу Далла дегаза хета.
Кхин а чӀогӀа доьху шуьга, динан вежарий, малончаш кхетабелаш, тийна-эсалчеран дог эцалаш, гӀийлачарна гӀо делаш, доккха собар долуш хилалаш массаьрца а.