3 Изза делаш кхечу исраилхочун вираца я бедаршца. Изза делаш цуьнан яйначу, ткъа шуна карийначу муьлххачу а хӀуманца. Оцу тӀера шун дӀадовлийла дац.
«Кхечу исраилхочун тилабелла сту я уьстагӀ шайна гича, и дийнат ма диталаш, оцу стагана юхадерзаделаш иза.
Нагахь санна дийнатан да шуна гергахь вацахь, я шуна иза вевзаш вацахь, дийнат шайн керта схьа а даладай, шайн кертахь латтаде, цуьнан дас иза лоьхучу ханна. Цул тӀаьхьа цунна дӀало иза.
Кхечу исраилхочун вир я сту охьабоьжна шайна гахь, и дийнат ма дита, цуьнца цхьаьна хьалагӀаттабе иза.