1 «Кхечу исраилхочун тилабелла сту я уьстагӀ шайна гича, и дийнат ма диталаш, оцу стагана юхадерзаделаш иза.
Ӏожаллина тӀе буьгуш берш кӀелхьарбаха! Харцбахьанина байа хьаьхна берш бойучуьра кӀелхьарбаха!
Хьайн а, хьайн ден доттагӀий а дӀа ма таса. Хьайна тӀе бохам беача, гергарчарна тӀе ма гӀо: хьуна уллохь вехаш волу лулахо гӀоле ву хьуна, генахь волчу вешил а.
Къечаьрца комаьрша волчунна къелла гур яц, амма царна букъ берзош волчо шена неӀалташ гулдо.
мецачуьнца хьайн бепиг декъа, бевлла лела миска нах хьайн цӀа чу бига, верзинчунна тӀе бедар юха, хьайн гергарчух дӀа ма лачкъа.
Якъубан тӀаьхьенах Шен юьхь къайлаяьккхинчу Везачу Эле хьоьжуш хир ву со, Цунах дегайовхо йолуш хир ву со.
«Ас байна уьстагӀ схьалохур бу, тилабелларг юхаберзор бу, лазийначун чов дӀайоьхкур ю, цомгушчунна дарба дийр ду, амма берстина а, нуьцкъала а уьстагӀ буьйр бу. Ас нийсонца дажор ду Сайн жа».
Аш гӀийланаш чӀагӀ ца бора, цомгуш болчу уьстагӀна дарба а ца дора, церан чевнаш дӀа а ца йоьхкура. Жена юкъара дӀакъаьстина уьстагӀий аша юха ца дерзадора, тиладелларш аша схьа ца лохура. Царна тӀехь куьйгалла аша ницкъаца а, къизаллица а дора.
Нагахь санна оцу стага шен берех цхьаъ Мулкана дӀаваларх халкъана юкъара массара а шайн бӀаьргаш дӀахьаббинехь, цара иза ца вийнехь,
Я цхьа хӀума а карийна, иза къайладаккха тарло цо. Я муьлххачу а шегара даьллачу къинах цо харцдуй баа тарло, цу бахьанина къа а латош.
«Массо а ницкъийн Везачу Эло хӀетахь иштта элира: „Нийса кхел а елаш, вовшех къахеташ а, дог лозуш а хилалаш.
Исраилан махкара хӀаллакьхила хьаьхна, тиладеллачу уьстагӀашна тӀе гӀо,
Цо цаьрга элира: «Исраилан тилабеллачу уьстагӀашна бен гӀо дан ваийтина вац Со».
ХӀунда аьлча Муса-пайхамаран товрат-хьехамаш тӀехь яздина ду: «Оручу стеран бага дӀа ма къовла». Стерчийн бала кхаьчна аьллий те Дала иза?
Нагахь санна дийнатан да шуна гергахь вацахь, я шуна иза вевзаш вацахь, дийнат шайн керта схьа а даладай, шайн кертахь латтаде, цуьнан дас иза лоьхучу ханна. Цул тӀаьхьа цунна дӀало иза.
Цхьана хенахь, тиладелла уьстагӀий санна, лелла шу, ткъа хӀинца шу шайн синойн Ӏуьнна а, шаьш Ӏалашдечунна а тӀе юхадаьхкина.