9 Иштта дӀадаккха бехк боцучун цӀий шайна тӀера, шайн Везачу Далла хьалха дика дерг а, нийса дерг а шаьш дина дела».
ТӀаккха паччахьо БенъяхӀуга омра дира: «Цо боххург дей, вен а вей, дӀаволла иза. Иштта со а, сан ден тӀаьхье а паргӀатъер ю Йоабера баьллачу бехках, хӀунда аьлча цо бехк боцучу нехан цӀий Ӏанийна.
Ма даалаш иза, шайна а, шайн берашна а шул тӀаьхьа а даим дика хилийтархьама, хӀунда аьлча оцу тайпана шайн Везачу Делан бӀаьргашна хьалха нийса дерг деш ду аша.
Иштта хир ду, нагахь санна, ас хӀинца деш долу Цуьнан весеташ кхочуш а деш, Цуьнан бӀаьргашкахь нийса дерг а деш, шайн Везачу Деле аша ладогӀахь».