Biblia Todo Logo
La Biblia Online

- Anuncios -




Карлабаьккхинарг 21:8 - Делан Йозанаш

8 Веза Эла, мах баларца Айхьа Мисар-махкара паргӀатдаьккхина долчу а, Хьан долчу а Исраилан халкъан къа дӀадаккхахьа. Ма хьарчийтахьа царах бехк боцучун цӀий Хьан халкъ долчу исраилхойх“. ТӀаккха цӀий Ӏаноран къа царна тӀера дӀадаьккхина хир ду.

Ver Capítulo Copiar




Карлабаьккхинарг 21:8
13 Referencias Cruzadas  

ТӀаьхьо шена цунах лаьцна хиъча, Дауда элира: «Со а, сан паччахьалла а Везачу Элана хьалха цкъа а бехке дацара Неран кӀант Абунар валарна.


ТӀаккха паччахьо БенъяхӀуга омра дира: «Цо боххург дей, вен а вей, дӀаволла иза. Иштта со а, сан ден тӀаьхье а паргӀатъер ю Йоабера баьллачу бехках, хӀунда аьлча цо бехк боцучу нехан цӀий Ӏанийна.


иштта цо бехк боцу дукха адам хӀаллакдарна а. Маннаш-паччахьо Ярушалайм-гӀала цу нехан цӀийх юзар бахьана долуш, цунна гечдан ца лиира Везачу Элана.


Амма аша со вехь, шу цхьана хӀуманах кхетар ду: бехк боцучу стеган цӀий шайх а, хӀокху гӀаланах а, цуьнан бахархойх а аша хьорчуьйту, хӀунда аьлча со Везачу Эло ваийтина вара, аса шуьга аьлларг шун лергашна дӀахазийта».


Шаьшшиъ къона йолчу хенахь дуьйна Мисар-махкахь церан нахаца лелаш хилла и шиъ. Мисар-махкахь церан накхош хьекхийна, куьг тохаза йолу накхойн юьхьигаш Ӏийдина.


уьш Везачу Элан четарна хьалха, Везачу Элана лерина сагӀа даккхархьама, схьа ца дахьахь, цу стагана тӀехь цӀий хир ду. Цо цӀий Ӏанийна, цундела иза шен халкъана юкъара эккхор ву.


ТӀаккха кхайкхира уьш Везачу Эле: «Доьху Хьоьга, Веза Эла, ма дехьа тхо хӀаллак хӀокху стеган са бахьана долуш. Нагахь санна хӀара стаг бехке вацахь, цуьнан цӀий тхох ма хьарчадехьа, хӀунда аьлча Ахьа, Веза Эла, Хьайна лиънарг дина дела», – бохуш.


Шуна тӀехь ду шуна Делан лаамехь болчеран цӀий, аша Ӏанийна долу, бехк боцучу Хьабулна тӀера дӀадолийна Барак-ЯхӀун кӀант волчу Закри-ЯхӀуна тӀекхаччалц, Делан цӀенний, сагӀа доккхуш болчу кхерчаний юккъехь аша вийна волчу.


Цара, дӀа а кхайкхош, иштта ала деза: „Тхан куьйгаша Ӏанийна дац хӀара цӀий, тхан бӀаьргашна гина хӀума а дац хӀара.


Síguenos en:

Anuncios


Anuncios