Biblia Todo Logo
La Biblia Online

- Anuncios -




Карлабаьккхинарг 21:5 - Делан Йозанаш

5 Цул тӀаьхьа левихой болу динан дай тӀебахка беза, хӀунда аьлча муьлхха а къовсаме долу гӀуллакх а, муьлхха а ницкъбар а церан сацамца къасто деза. Уьш шун Везачу Дала къастийна бу Шена гӀуллакх дайта а, Везачу Элан цӀарах декъалдарш дайта а.

Ver Capítulo Copiar




Карлабаьккхинарг 21:5
12 Referencias Cruzadas  

Ткъа Ӏамраман ши кӀант вара: АхӀарон а, Муса а. АхӀарон а, цуьнан тӀаьхье а гуттаренна а къастийнера Дала, цаьрга уггар деза гӀуллакхаш кхочушдайтархьама. Царна тӀедиллина гӀуллакхаш хӀорш дара: Везачу Элана хьалха хаза хьожа йогӀу кӀур баккхар а, Цунна Ӏамал яр а, Цуьнан цӀарах адамаш декъалдар а.


Шайн гӀаланашкахь бехачу шун вежаршкара шайна тӀедеанчу муьлххачу а къовсамечу гӀуллакх тӀехь, иза цӀий Ӏанорца я товрат-хьехамашца, я весеташца, я парзашца, я кхидолчу тӀедехкинаршца доьзна делахь а, уьш Везачу Элана хьалха бехке ца хилийта царна хьехамаш бе. Иштта гӀуллакхаш де, тӀаккха аша къилахь дерг дийр дац.


Цо соьга элира: «Майданна хьалхара къилбаседехьара а, къилбехьара а чоьнаш еза ю. Цу чохь Везачу Элана сагӀанаш дохучу динан дайша уггар деза сагӀанаш доу. Цу чу цара уггар деза сагӀанаш – кӀен сагӀа а, къинан сагӀа а, гӀуда такхаран сагӀа а – хӀиттор ду, иза еза меттиг йолу дела.


Дов даьллачу хенахь динан дай цигахь кхелахой санна хила беза, ткъа Сан нийсоне хьаьжжина кхел ян а еза цара. Билгалдаьхначу динан массо а дезачу деношкахь Сан товрат-хьехамаш а, парзаш а лардан деза цара, иштта Суна леринчу шоьтан денойн дозалла а лардан деза цара.


Халкъехьа дӀа а вирзина, айинчу куьйгашца иза декъал а дина, чувоьссира АхӀарон, къинан а, дийнаташ дагоран а, бертан а сагӀанаш а даьхна.


ХӀунда аьлча динан ден багано Делах лаьцна хааделларг лардан деза, ткъа адамаша цуьнга шайна хьехамаш байта беза, динан да массо а ницкъийн Везачу Элан геланча волу дела.


ХӀетахь Везачу Эло Левин тайпа дӀакъастийра, цуьнга Везачу Элаца динчу бертан тӀорказ дӀасалеладайтархьама а, Везачу Элана хьалха гӀуллакх дайтархьама а, Цуьнан цӀарах декъалдарш дӀакхайкхадайтархьама а. Таханлерчу дийне схьакхаччалц иза хӀинца а иштта схьадогӀуш ду.


ХӀунда аьлча шун Везачу Дала къастийна уьш шуна юкъара, Шена хьалха а лаьтташ, цара а, церан тӀаьхьено а Везачу Элан дуьхьа гӀуллакх дархьама.


тӀаккха юкъахь дов долу и ший а стаг Везачу Элана а, оцу деношкахь гӀуллакх деш хир болчу динан дайшна а, кхелахошна а хьалха дӀахӀуттийла.


И шинар оцу гӀалин къаноша дӀадига деза ахказа а, дӀаенза а йолчу, чохь татол долуш йолчу тогӀене. Оцу тогӀи чохь шинаран ворта кагъян еза.


Síguenos en:

Anuncios


Anuncios