3 Велларг Ӏуьллучу меттигера уггар а йоца юкъ йолчу гӀалин къаноша схьаэца деза цкъа а болх байтаза а, цкъа а дукъ лелоза а долу шинар.
Суна билггал хезна Эпрайман халкъ леткъаш: „Аьрха эса санна, со нисдина, Ахь со кара ма Ӏамийнера! ХӀинца со юхадерзадехьа, тӀаккха со Хьуна тӀе юхавоьрзур вара, хӀунда аьлча Хьо сан Веза Дела ву.
«Везачу Эло шуна тӀедуьллуш долу товрат-хьехамна тӀера парзаш хӀорш ду: исраилхошка хьайна тӀе хьаьрса етт балабайта. Шена тӀехь цхьа а кхачамбацар я дерт доцуш, цкъа а тӀе дукъ диллаза а болуш хила беза иза.
ХӀетахь Везачу Эло Левин тайпа дӀакъастийра, цуьнга Везачу Элаца динчу бертан тӀорказ дӀасалеладайтархьама а, Везачу Элана хьалха гӀуллакх дайтархьама а, Цуьнан цӀарах декъалдарш дӀакхайкхадайтархьама а. Таханлерчу дийне схьакхаччалц иза хӀинца а иштта схьадогӀуш ду.
шун къаной а, шун кхелахой а арабовла беза. Цара велларг Ӏуьллучу меттигна тӀера гонахарчу гӀаланашна тӀекхаччалц йолу юкъ юста еза.
И шинар оцу гӀалин къаноша дӀадига деза ахказа а, дӀаенза а йолчу, чохь татол долуш йолчу тогӀене. Оцу тогӀи чохь шинаран ворта кагъян еза.
Ӏожаллина тӀекхаччалц Далла муьтӀахь а хилла, Ша лахара вира Цо. ЖӀара тӀехь Ша валлалц, муьтӀахь висира Иза.
Керла ворда а яй, хӀинцца бехкина болу, цкъа а дӀабоьжна боцу ши етт цу ворданах дӀабожа, ткъа церан эсий цӀа дига.