22 «Нагахь вен хьакъ долу зулам гучу а даьлла, стаг вийначул тӀаьхьа, аша и дакъа диттах ирхъоллахь,
Кхо де даьлча, хьо а пирӀуно лаккха хьалаойур ву – хьокханна тӀе а хаийна, ткъа олхазарша хьан дегӀах зӀакарш еттар ю».
АяхӀун йоӀа Рицпата, Ӏаьржа шаршу схьа а эцна, иза тӀулга тӀе дӀаяржийра. Ялта чуоьцучу хенахь дуьйна, чӀогӀа догӀанаш декъашна тӀе доладаллалц, дийнахь а, буса а цигахь Ӏийра иза. Цо я стигалахь лелаш долу олхазарш а, я лаьттахь лелаш йолу акхарой а церан декъашна тӀе ца кховдуьйтура.
Схьало тхан кара Шаулан тӀаьхьенах волу ворхӀ стаг. Оха уьш Везачу Элана хьалха Цо къобалвина волу Шаул схьаваьлла йолчу ГебаӀ-гӀалахь ирхъухкур бу». Паччахьо элира: «Аса уьш шуьга дӀалур бу».
Цо уьш гавӀонхойн кара дӀабелира, ткъа цара уьш Везачу Элана хьалха гу тӀехь ирхъоьхкира. Уьш ворххӀе а цхьаьна велира. Ялта чудерзочу хьалхарчу деношкахь белла дӀабевлира уьш.
Дауда шен эскархошка омра дира, уьш байа аьлла. Цара уьш байира, церан куьйгаш а, когаш а схьа а даьхна, догӀмаш Хьевронехь Ӏома йистехь хьалаоьхкира. Ткъа Иш-Бошатан корта, схьа а эцна, Хьевронехь Абунаран коша чохь дӀабоьллира.
Мусага Везачу Эло элира: «Цу халкъан куьйгалхой берриш а, дӀа а леций, байа а байий, дийнан серлонгахь Везачу Элана хьалха ирхъохка. ТӀаккха Везачу Эло дерриге а Исраилан халкъана Шен дарвалар дӀадоккхур ду».
ХӀун хета шуна?» Цунна жоп луш, гулбеллачара элира: «Иза бехке ву! Иза вала веза!»
Хезира-кх шуна И Далла луьйш, шуна муха хета?» Цара массара а Ӏийса веран кхел къобалйира.
«Туьта» олучу метте схьабаьхкира уьш. Цигахь Ӏийса жӀарах дӀатуьйхира, ши талорхо а – цхьаъ Цунна аьтту агӀор, важа аьрру агӀор дӀатуьйхира.
Цигахь билгалделира кхуьнан бехк бу аьлла лоруш дерг церан шайн товратан хьехамашца доьзна хилар. Амма хӀара вен я дӀалаца бахьана долуш хӀума дацара.
Нагахь со нийса а воцуш, со вел соьгара бахьана даьллехь, Ӏожалла тӀеэца а кийча ву со. Амма хӀара нах харцлуьйш белахь, цхьаннан а бакъо яц со кхаьрга дӀавала. Ас Рим-мехкан паччахьан кхел яр доьху».
Амма суна хета, вел бахьана кхуьнгара ца даьлла аьлла. Рим-мехкан паччахь волчохь шена кхел яр кхо дехарна, ас сацам бина хӀара цига дӀахьажо.
Цара, ара а бевлла, бохура вовшашка: «Цу стага иза вен я чуволла цхьа а бахьана ца далийтина».
И гӀаланаш кхоъ ца хилча, некъ беха хиларна чӀир йоькхучо, ша оьгӀазвахханчохь, стаг вийначунна тӀаьхьа а ваьлла, цунна тӀе а кхаьчна, иза вен тарло. Делахь а, оцу стагана вен кхел ца йогӀу, иза хьалха оцу веллачуьнца мостагӀалла долуш ца хилла дела.
ткъа йоӀана хӀумма а ма де: оцу йоӀана тӀехь и ен хьакъ долу зулам дац. ХӀунда аьлча иштта дина хӀума цхьамма, кхечунна дуьхьал а ваьлла, иза вер санна лоруш ду.
Паччахьаш, байа а байина, пхеа дитта тӀехь хьалаоьхкира ЮшаӀа. Сарралц цу дитташ тӀехь кхезира уьш.
Малх чубузучу хенахь ЮшаӀа омра а дина, дитташ тӀера схьа а даьхна, уьш дӀалевчкъина хиллачу хьеха чу кхиссира паччахьийн декъий. Хьехана дуьхьал даккхий тӀулгаш дехкира. Таханлерчу дийне кхаччалц цигахь Ӏохкуш ду уьш.
ГӀай-гӀалин паччахь, дитта тӀе хьала а оьллина, сарралц кхазийтира ЮшаӀа. Малх чубузучу хенахь паччахьан дакъа, дитта тӀера охьа а даккхийтина, гӀалин кевне охьакхоссийтира цо. Цул тӀаьхьа, докъана тӀе тӀулгаш а кхиссийтина, йоккха оьла яйтира. Иза хӀинца а йолуш ю.
Йоккха ледарло яьлла хьоьгара. Дийна волчу Везачу Элах чӀагӀо йо ас, Цо къобалвинарг аша лар ца варна шу дайа бен ца деза. Хьажал, мичахь бу паччахьан гӀовлангахь хилла болу гоьмукъ а, чохь хи лелош йолу цуьнан кхаба а?»