Biblia Todo Logo
La Biblia Online

- Anuncios -




Карлабаьккхинарг 21:21 - Делан Йозанаш

21 Цул тӀаьхьа цуьнан гӀаларчу бахархошка иза валлалц цунна тӀулгаш кхиссийта. Шайна юкъара зулам иштта дӀадаккха. Иза дӀа а хезна, берриг а исраилхой кхералур бу».

Ver Capítulo Copiar




Карлабаьккхинарг 21:21
21 Referencias Cruzadas  

Цара Абушаламан дакъа, дитт тӀера схьа а даьккхина, хьуьнхарчу доккхачу ор чу а кхоьссина, тӀе тӀулгаш кхиссира. Цу хенахь массо а исраилхо ведда, шен-шен цӀа чу а вахана, дӀасаваьллера.


Шен дена я нанна неӀалт аьлларг вен веза.


Цавашарца дега хьоьжуш волчун бӀаьргашна тӀе ломъаьрзунаша зӀакарш еттар ю, ткъа ненан доладар дӀатоттуш волчун бӀаьргаш тогӀин хьаргӀанаша дӀакхоллур бу.


«ДӀаала исраилхошка: „Исраилхойх я цаьрца тӀевеана Ӏаш волчух цхьаммо шен бераш Мулка-далла дӀалахь, и стаг вен веза. Дерриг а халкъо цунна тӀулгаш кхисса деза.


Нагахь стага я зудчо беллачийн синош тӀедоьхуш я пал туьйсуш хилахь, уьш байа беза. Царна тӀулгаш кхисса деза, церан цӀий царна тӀехь ду“».


«Далла луьйш хилла волу стаг меттаматтал арахьа ваккха. Цо дийцинарг хезначара цуьнан коьрта тӀе куьйгаш дахка, массо а халкъо цунна тӀулгаш кхисса.


Везачу Элан цӀе емалъеш верг вен веза. Дерриг а халкъо цунна тӀе тӀулгаш кхисса деза. ТӀевеана стаг я махкахо Везачу Элан цӀе емалъеш велахь, иза вен веза.


Дерриге а Исраилан халкъана тӀера динан дас къинош дӀадахаран Ӏадат кхочушдан деза. ТӀаккха халкъана гечдийр ду, и гӀалат ларамаза даьлла долу дела а, шегара даьллачу гӀалатана цо Везачу Элана лерина цӀера тӀехь сагӀа а, къинан сагӀа а даьккхина дела а.


Везачу Эло Мусага элира: «И стаг вала веза. Меттамотт болчуьра арахьа а ваккхий, дерриге а халкъе цунна тӀе тӀулгаш кхиссийта».


Меттамотт болчуьра ара а ваьккхина, дерриге а халкъо цунна тӀе тӀулгаш кхиссира, Везачу Эло Мусага ма-аллара, тӀаккха иза велира.


Шун Везачу Дала шуна даха охьаховша луш йолчу гӀаланашна юкъара цхьана гӀаланах лаьцна шайна хаза там бу шуна,


Ткъа и пайхамар я и гӀенаш гург Ӏожаллин кара дӀало, шу Мисар-махкара арадаьхначу а, лоллин цӀийнара паргӀатдаьхначу а шайн Везачу Делах шу дӀадерзийтархьама къамелаш ишттачу наха до дела. Ткъа царна шу галдаха ма лаьа шун Везачу Дала весет дина болчу некъа тӀера. Шайна юкъара зулам иштта дӀадаккха.


Хьан ваша, я хьан кӀант, я хьан йоӀ, я хьан хьоме зуда, я хьан доттагӀа, хьуна хьайн са санна везаш волу, къайлаха хьо леван гӀорта мега: „Вало, кхечу деланашна гӀуллакх деш лелар ду вай“, – бохуш. Делахь а, хьуна а, хьан дайшна а бевзина ца хилла и деланаш.


аша и зулам дина волу стаг я зуда гӀалин кевнашна арахула тӀе а валавай, иза валлалц цунна тӀе тӀулгаш кхисса.


Тоьшалла деш болчеран куьйгаш массерачул а хьалха хьалаайина хила деза и стаг вен, цул тӀаьхьа дерриге а халкъо царна тӀулгаш кхисса деза. Шайна юкъара зулам иштта дӀадаккха.


Дас-нанас шайн гӀалин къаношка иштта дӀаала деза: „ХӀара тхан кӀант юхахьара а, аьрха а ву. Оха бохучуьнга хӀара ладугӀуш а вац, хӀара кхоамза стаг а ву, кад беттарг а ву“.


тӀаккха иза цуьнан ден цӀийнан неӀаре схьаяло еза, гӀалин бахархоша цунна тӀулгаш кхуьссур ду иза яллалц, исраилхошна юкъахь цо эхье гӀуллакх лелийна дела: шен ден цӀахь йоллушехь, нахаца лелла иза. Шайна юкъара зулам иштта дӀадаккха.


и ший а оцу гӀалин кевне схьадаладе. Уьш баллалц царна тӀулгаш кхисса: йоӀ е, цо гӀалахь мохь ца хьекхна дела, ткъа стаг ве, цо кхечу стеган зуда сийсазъяьккхина дела, ткъа стагана – цо шен уллорачун зуда сийсазъяьккхина дела. Шайна юкъара зулам иштта дӀадаккха.


Síguenos en:

Anuncios


Anuncios