Biblia Todo Logo
La Biblia Online

- Anuncios -




Карлабаьккхинарг 21:14 - Делан Йозанаш

14 Нагахь санна, хан яьлча, цунна иза ца езахь, и зуда дӀаяхийта мегар ду цунна луъучу меттиге. Амма цо иза детих дӀайохка а мегар дац, цунах лай ян а мегар дац, иза ша сийсазъяьккхина дела».

Ver Capítulo Copiar




Карлабаьккхинарг 21:14
7 Referencias Cruzadas  

тӀаккха оцу йоӀаца хиллачо цуьнан дена шовзткъе итт шекхал дети дала деза, ткъа иза цуьнан зуда хила еза, цо иза сийсазъяьккхина дела. Ша мел веха, оцу зудчух дӀакъаста дихкина ду оцу стагана.


Цу мехкан куьйгалхочун хьаьвихочун Хьамуран кӀантана Шехемна гира иза. Цо, схьа а лаьцна, хьийзийра йоӀ.


и ший а оцу гӀалин кевне схьадаладе. Уьш баллалц царна тӀулгаш кхисса: йоӀ е, цо гӀалахь мохь ца хьекхна дела, ткъа стаг ве, цо кхечу стеган зуда сийсазъяьккхина дела, ткъа стагана – цо шен уллорачун зуда сийсазъяьккхина дела. Шайна юкъара зулам иштта дӀадаккха.


Оцу стагана бӀе шекхал дети далар тӀедуьллур ду. И ахча йоӀан дена дӀалур ду, исраилхойн йоӀах лаьцна зуда ялийначо харцдерг дийцарна. Ткъа иза цуьнан зуда хилла юьсур ю. Ша мел веха оцу стагана дихкина ду шен зудчух дӀакъастар.


Хьажал, сан йоӀ а ю шуна, цу стеган гӀарбаш-зуда а ю шуна. Аса и шиъ арайоккхур ю шуна, цаьрца шайна луъург де. Амма цу стагаца ма леладахьара аша и сонта хӀума».


«Нагахь санна цхьаннан ши зуда елахь – езаш йолу цхьаъ а, езаш йоцу важа а, – ткъа оцу шинна а зудчун – езаш йолчун а, езаш йоцучун а, – кӀентий хилахь, нагахь санна дуьххьарлера доьзалхо волу кӀант ца езаш йолчу зудчух схьаваьлла велахь,


Síguenos en:

Anuncios


Anuncios