Biblia Todo Logo
La Biblia Online

- Anuncios -




Карлабаьккхинарг 21:12 - Делан Йозанаш

12 оцу стага иза шен цӀа а йига, цу зудчуьнга месаш шега дӀа а ларгийта, мӀараш дӀа а хедаяйта.

Ver Capítulo Copiar




Карлабаьккхинарг 21:12
7 Referencias Cruzadas  

Шен бедарш а йиттина, месаш а лергина, хица цӀанвеллачул тӀаьхьа, и стаг Далла хьалха цӀена хир ву. Меттамотт болчу схьа а веана, шен четарна арахьа ворхӀ де доккхур ду цо.


ВорхӀалгӀачу дийнахь ерриг а шен месаш дӀайошур ю цо: корта а, маж а, цӀоцкъамаш а, ерриг а кхийолу месаш а. Хица бедарш а йиттина, лийчинчул тӀаьхьа Далла хьалха цӀена хир ву иза.


Ткъа нагахь, дагахь а доцуш, цӀеххьана цунна юххехь волу цхьаъ валарна, ша назархо хиларан билгалонна йолу шен коьртара месаш Далла гергахь цо бехъяхь, шен корта ворхӀалгӀачу дийнахь дӀабаша беза цо, хӀунда аьлча цу хенахь иза юха а цӀанлур ву.


Ткъа муьлххачу а, шен коьрта тӀехь хӀума а йоцуш, доӀа деш я Делера болу хаам бовзуьйтуш йолчу зудчо шен коьртана юьхьӀаьржо тӀейоуьйту. Иза корта баьшна йолчу зудчух тарло.


Нагахь зудчунна шен коьрта тӀе хӀума тилла ца лаахь, цо шен корта баша а мегар ду. Амма нагахь зудчунна шен корта баьшна я лергина хилча эхь хетахь, цо шен коьрта тӀе хӀума тилла еза.


Иштта, хьалхалерчу ширачу адаман лелар дита. Стаг Ӏехош болчу лаамаша талхош ду и шира адам.


оцу йийсархошна юкъахь шух цхьанна хаза куц долу зуда гахь, еза а елла, иза шена йига цунна дагадагӀахь,


Síguenos en:

Anuncios


Anuncios