1 «Нагахь санна шун Везачу Дала хьуна схьалур долчу лаьттан аренгахь Ӏуьллуш цхьана веллачу стеган дакъа схьакарадахь, иза вийнарг мила ву хууш а дацахь,
ТӀаккха Везачу Эло элира: «Ахь хӀун дина? Хьан вешин цӀийн аз кхойкхуш хеза Суна лаьттара.
Курачу нахана меттиг яц Хьуна юххехь, цхьа а зуламхо Хьуна ца веза.
Цийон-лома тӀера олалла дечу Везачу Элана ала аша иллеш. Къаьмнашна юкъахь дӀакхайкхаде аша Цуьнан гӀуллакхаш.
ЦӀий Ӏанийна волу стаг ша велла дӀаваллалц ведда лелар ву. Цхьаннах а цунна тӀетовжийла ма хуьлийла.
ХӀунда аьлча Веза Эла ву Шен хӀусамера араволуш лаьтта тӀехь бехачарна таӀзар дан, церан къинош бахьаненна. Лаьтто схьадоьллур ду шена тӀехь Ӏанийна долу цӀий, кхин къайлабохур бац байина нах.
ПахӀалан куьйгах кхозу и лаьхьа гича, цигарчу наха вовшашка элира: «Цу стага, билггала, цхьаъ вийна. ХӀорда чохь иза ца веллехь а, хӀинца Делан кхелаца дийна вуьсур вац иза».
Иза делаш шун Везачу Дала шун дола лур долчу шайн лаьттана юккъехь бехк боцучу стеган цӀий ца Ӏанадайтархьама а, шуна тӀехь цӀий ца хилийтархьама а.
Шайна девзаш долу баа мега стом луш доцу дитташ дохо а, дӀахадо а мегар ду, шайца тӀом беш йолчу гӀалина дуьхьал чӀагӀонаш дӀахӀитторхьама, шаьш цунна тӀехь толам баккхалц».
шун къаной а, шун кхелахой а арабовла беза. Цара велларг Ӏуьллучу меттигна тӀера гонахарчу гӀаланашна тӀекхаччалц йолу юкъ юста еза.
Оцу хенахь ас шуьга иштта омра дира: „Шун Везачу Дала хӀара латта шуна дӀаделла шун дола даккхийта. Ткъа хӀинца тӀом балуш мел верг, герз схьа а эций, шайн вежарий болчу исраилхошна хьалха а валий, Йордан-хина дехьавала.